Со ву боху
Х1инццалц йевзаш хилла йоцу йо1.
Дог ду боху дуьйлуш кийрахь ловза,
Дагахь доцуш, сан б1аьрг кхетча хьох.
Со ву боху шун ураме вог1уш,
Хьо гаре сатуьйсуш, лаьттинарг.
Нийсархоша дуьйцу, со ву бохуш,
Безамо чим санна вагийнарг.
Серла дуьйлу боху хаза б1аьргаш
Ц1еххьана б1аьрг кхетча, вог1уш сох.
Хьо йу боху къайллах д1асахьоьжуш,
Со ган лаам лечкъабо ахь сох.
Маржа- йа1, хьо хаза йеъна суьйре,
Йезнарг йалош йеъна яц-те хьо.
Гуттаренна кху тхан дегнийн уьйра
Цхьана йуцуш йаг1ахьара хьо.
Хьан лар толлуш, генахула лелча,
Хьан дагара суна хуур дац.
Сох б1аьрг кхетча, эхьо йагош хилча,
Деган къайле ахьа йостур йац.
Наха дуьйцург ца хилийта эрна,
Пурба лохьа ала хаза /цхьа-ши/ дош.
Хьан дагна т1е беха некъ бо денна,
Ловза доху дог, ахь ницкъ а луш.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №125040206901