Маьлхиста. Шира lадат дитар
Хlетте а иэс дисна, къаноша дуьйцуш.
Къоьжачу ламанийн кхоллам бу луьра.
Хуьйдина цlий а вайн, бlаьрхиш а дуьра.
Цкъа мацца мехка-кхел Маьлхистахь йолуш,
lадат ду бохура, ша луьра долуш.
Къонахий кхайкхича даймахко гlоьнна,
Гулбала дезаш шаьш, кечбелла бlонна.
Ца кхиънарг тlекхача, тасале са,
Дlадала дезаш ву, сий дожош, са.
Цкъа иштта тlебеъча бохаман мур,
Гулделла бохура Маьлхистахь сур.
Лаьттара къонахий, белш белшах тоьхна.
Гоьмукъаш ирхйоьгlна, гlагlанаш доьхна.
Тур-шаьлтий хlорангахь, букътlехьа lад.
Гlирсаш бу нисбина, лур воцуш кlад.
Цхьаммо а ца туьйхи кхайкхамна букъ...
Къагийра цу малхо ламанан дукъ.
Къаношка хьоьжура гулбелла кlентий.
Гlароло мохь туьйхи: собар де, кlентий!
Цхьа къонах вогlуш ву, тlаьхьависна, вайн.
И кхеле хlотто вай дезаш ду, дайн.
Къаношна хьалха и хlоттаван богlуш,
Йуха а мохь туьйхи, нах цец-акъ бохуш:
Кхин цхьаъ ву чlожаца схьавогlуш бере.
Хlун ду-те хуьлуш дерг? - кхайкхи нах Деле.
Лестира чалдам тlехь цlен хаьлжаг нахчийн.
Массеран дегнаш цу хаамо чахчий.
И саннарг хилла дац хlинццалца - ала!
Ши къонах цхьана дийнахь дакъаза валар.
Хьалхарниг къаношна вигира тlе.
Хаьттира цкъа хьалха къонахчуьн цlе.
Дуй баа элира, схьалаций ткъе.
Бехказло йийца хьайн, ца хадош зlе.
Къонахчо элира - бехказло лехац ас.
Суо вен шу бакъо йуй хууш ди хlара ас.
Йезар йу йуьртахь сан, жималлехь дуьйна.
Дуьхьало йац деган, безаман суйнна.
Ладоьгlуш lара со, гуьйре тlейаре.
Ткъа дас и нуьцкъала йеллера маре.
Ирс цунна лууш ву массо а ханна.
Ткъа дийна со мел ву, вицлур вац цунна.
Со велча сатийсар соьга дlадолу.
Керлачу ирсана дог паргlатдолу.
Вовшашка хьаьвсира цу кхелан дай.
Кхел кхайкхо - элира - сихлур дац вай.
Собарде йуьстаха, схьакхайкха шолгlаниг.
Шинге а ладоьгlна, къастор вай бехкениг.
Вистхили шолгlаниг, шен дуьйцуш гlуллакх:
Бехк суна ма билла, дохорна гlиллакх.
Лаамца веъна со, lадатах воьхна.
Луьра кхел тlеэца нийат ду тахна.
Доьзал ас кхоьллира, дукха хан йоцуш.
Хlусаман нана йу, шел дикниг йоцуш.
Хууш со вацара, шен лаам боцуш
И сайга йогlийла, со дагчохь воцуш.
Кхин безам бу цуьнан, жималлехь кхетта.
Сайгарчу гlалатах со хlинца кхетта.
Кхечуьнан дог хьаьшна ирс суна эшац.
Заманца везар шен цо вицварх тешац.
Ирс царна карор дац, со мел ву дийна.
Цундела вогlу со, хан йаллалц lийна.
Ойлане бевлира цу сахьта къаной.
Лаацара белхабан, бехк боцуш, наной.
Бlешерийн lадатах бакъо йац довла.
Нийсонан неl а вайн амал дац къовла.
Кхаа дийнахь-бусий а, садаlар доцуш,
Листира къаноша и гlуллакх, кхоччуш.
Эххар а кхайкхира майдане нах,
Бовзийта гlуллакхан хадийна мах.
Бахийти геланчаш массо а йуьрта.
Бовзийта мехк-кхелан хилла барт коьрта.
Къонахий хlаллакбен lедал дац нийса.
Нийсонца бакъо а йац вайгахь къийса.
Хlинццалца лелийна и lадат дайн,
Дихкина, хир доцуш дахарехь вайн.
Свидетельство о публикации №125031608829