Нохчийн шаьлта
Нанас шен бер санна, къонахчо хьистина.
Баттара яьккхича ткъес хилла къегина,
Мостаг1чун дег1 доруш, шаьлтано цистина.
Кадечу куьйго мукъ нуьцкъала къийлина.
Харцонца къевсинчохь ц1ийх йуьзна и хийла,
Ша харц вуй хуъушехь баттара йаьккхина,
Сонтачо хир йу и хийлазза 1оьттина.
Б1ешераш хьалха а сий долу шаьлтанаш
Дитт ира, ботт хаза, вайн махкахь йеш хилла.
Пхьалг1и чохь говзачу куьйгашца пхьераша,
Маьршачу нехан ц1ий 1ано йеш ца хилла.
Ширачу тептарш т1ехь, йа къанойн дийцаршкахь,
Дайн хьуьнарш, вайн къомах хьирчина халонаш,
Кхин йовза йиш йоцуш, замано херйина.
Цу хенийн мах хадо кхин некъ ца битина.
Шаьлтанан ирачу диттаца къевсина,
Керлачу заманан г1ирсуо вайх херйина.
Вайн къомо шаьлтан сий безамца лардина,
Сийлаллин баьрчехь и латтош йу даима.
Свидетельство о публикации №125031004999