Буьрка лаца уьду г1аз

Берийн когех йедда буьрка,
Гу  т1иехьа чухьаьди и.
Бераш т1аьхьа идарх цунна,
Ницкъ ца тоьа лаца и.

Д1асалестош т1емаш деха,
Буьрка лаца  уьду г1аз.
Лиъна аг1онах з1ок тоха,
Хьоькху мохь цо, ч1аг1деш аз:

-«Суна лаьа буьрка ловзо,
Къа-къа, новкъарло ма йе»,-
Доггах ц1ог1а детта г1езо,
Бетташ  раз-пурх  когаш ц1ен.

Йаьлча санна секха-1одах
Тилларг хилла, уьдуш йу.
Йахйеш, уозий г1езо ворта,
Т1емаш когел сиха-м ду.

Эххар буьрка 1ам чу иккхи
Т1аьххье хи чуиккхи г1аз.
Берийн ловзарш сацо дийзи.
Г1аз-м  ца йелла кхин сов к1ад.

Азман Джабраилова


Рецензии