В. Й

Йогlучу бlаьстенах хьайха беш кхаъ,
Хьо йеъна де хуьлда, бlаьрлачех цхьаъ.

Хlора де хуьлийла къагийна малхуо.
Ма хуьлда сингаттам, тийналлехь балхуо.

Хьуламе догъойла хуьлийла кхочуш.
Хиндолче догдахар, сакхуонаш йоцуш.

Некъаш а хуьлийла ца тухуш ног.
Мархашлахь ловзийла экаме дог.

Кхуьийла цу дагчохь зезагийн беш.
Стигал а хуьлийла ирсана теш.


Рецензии