Дега лазам
Нена дагчухал едда гуо боккхий бе, кех ца йолуш йолу йо1, цуьнан мог1ар берш, генахь, б1аьрго ца лаццал бе, ца бисна; 1уьйренан сахьташкахь де-нений не1ре хоьттина, церан хьал-де хиъни бе, шайн хьашташ кхочуш ца де к1енти наггахь бе бац; марде-марнени даг т1е хазхетаран зезаг долийтар долу несри туьйрнахь бисна, гергарлони юкъаметтигаш буо-берийн мог1ар хиттна, къома деза г1иллакхаш-г1уллакхаш, ларамаш хьехмашкий - йозне дирзина, эрна арахь, пана даьлла, 1у воцу жа а хилла, дисна; т1е кхуьучу жимчу ч1орна кхетам бала, низам довзийта лууш йа г1айг1а беш наной бац, къаной бац, - иштта х1ар кхи а д1адуодахь, цхьан замнахь даьхначу нохчийн къома г1иллакхаш гойтура, - бохуш, масалш а далош, лаьттар долуш ду вайн, г1иллакхах-г1уллакхах дуьззина, схьадеан хилла долу, доьналлийций-яхьций ц1е яххан, г1ардаьлла, дуьненна дойзуш долу Нохчийн къам.
30.01.25шо
Рецензии