Бусулба йишина лерина

Хьан кхетам лебича,йисна хьо,
Б1аьргийн нур,кийрар дог даьхьна,
Хьан ойла лейича,дац хьоьгахь
Х1ар дуьне д1аидо г1ора.
Амма, ахь собарца совъяьлла,
Даге ладоьхча,
Цо хьуна хьехам бо: хиллачун хастам бай,
Д1ахеций йит парг1ат ойла.

Вай Дала ца делларг, ца динарг,
Цуьн лаамц доцуриг дац и,
Хьекъале хаьттича,
Яздинчух ваьллариг вац кхин,
Амма вай кхетам чохь делахь а,
Хала ду безачех къастар,
Делахь а,хастам бу,
Хиларн вайц Дела дог хьаста.

Йитнехь хьо, б1аьргийн нур д1аэцна,
Кийрар дог даьхьна,
Ца йитна тесина,дог хьастар,
Къинхетам боцуш,
Ялсман чур малик хилл,
Да ву хьан сий деш,хьо лоруш,
Ши к1ант ву,лам хилла,
Хьо ларъеш, хьан б1аьра хьоьжуш.

Б1аьргийн нур, кийрар дог д1адаьхьна,
Тахна хьо йитнехь,
Хаалахь,и хилар доьналлийц
Хьо юста бахьна,
Хьан иман,хьан собар,хьан лелар-
Дерриг ду узаш,
Хастаме чекх ялахь,
Гур ю хьо хазхетарц кхана.

30.01.25шо


Рецензии