Х1ай, сан хьоме, сийлахь адам

Х1ай, сан хьоме, сийлахь адам,
Дала декъал дойла хьо!
Ирсе дахар цкъа ца хедаш,
Даимна сема гойла хьо.

Хьоме доттаг1, ц1ена ойла,
Оьзда г1иллакх, къома йо1,
Лору хьо ас гуттаренна,
Кхиош безам сайн дагчохь.

Хьуна Дала х1усам елла,
Хьекъал делла, леба мотт.
Шена муьт1ахь хьо хиларна,
Динах кхетам белла шорт.

Ахь д1аяьхьна хаза зама,
Нахан езаш,долуш сий,
Ненан марзонах ца хьегна,
Цуьн йовхонах хьаьрчаш 1и.

Агана кохкарех цо юьйцин,
Йовхо хьоьца х1инца ю,
Бераллехь цо туьйрахь дийцан,
Иман цунах дисна ду.

Цунна, дог хьай парг1ат даккхи,
Ирсе хила, сийлахь йо1.                Ю хьо, нанас оьзда 1амийн,
Нохчийн къома дика йо1.

Ас даггара декъал йо хьо,
Хьоме йиша, мерза стом.
Хьан дог доьхна цкъа ма гойла,
Ловр дарий аьлл, шек ю сом               
                23.03.2016год


Рецензии