Соьлжа-г1ала Грозный

Сийлахь, еза - йоккха г1ала!
Соьга йицъе хьо ма ала.
Дахна денош,ихна хан,
Хьан хазаллех хилла г1ан.

Везан Дела,орцах вала,
Кхин ма гайта йоьхна г1ала,
Б1аьргаш кхуьйли х1инца сан,
Т1екъал ц1енойх хилча чан.

Тахна ара массо вала,
Даьнъян еза Соьлжа-Г1ала,
Лайна 1азап, гина т1ом,
Амма ч1ог1а хила хьом.

Нагахь еънехь ирча зама,
Ахь сатоха, Турпал-нана,
1ийжа дегнаш, байна чам,
Висна вац ца бойнарг т1ам.

05.03.2004год


Рецензии