Ирс дахьалда хlора шаро...

Ирс дахьалда хlора шаро.
Даккхийдедеш вовшийн гаро.

Сингаттаме йахна хан,
Дlайолийла хилла гlан.

Тасабелла а беран ког,
Ма доьлхийла ненан дог.

Беркат хуьлда хlусамехь.
Ларам болуш, безамехь,

Бертахь дахар хуьлда вайн.
Хуьлда стиглахь мархаш кlайн.

Гlайгlа-бала дlаайбеш,
Ког хелхарехь шаршабеш,

Маьлхан зlаьнарш йолуш теш,
Вайн хьекъийла синан беш.


Рецензии