Маржа-я1
Б1аьрганна хаза го.
Маржа-я1 х1ай дуьне
Хьо доьхча б1аьрганна ирча го.
Ч1енгалла сов баьлча
Хьаьчкани до,
Дуьне хьох самукъа тха долу.
Бас белча и буьзна лаьттина до,
Дуьне хьох самукъа ца долу.
Маржа-я1 оцулла дезарха
Ца дуьса тхуна хьо,
Цергашца хьох тийса даларха
Орамаш бух дуьхуш,
Бахамаш бу оли цавуьтуш
Могшалла ю оли цавуьтуш
Ка тухи ц1еххьана 1ожало,
Озадой дег1ара са д1ахьо.
Маржа-я1 кху доца дахарехь
Вовшашца тар ца ло.
Ма мерза цхьа хаза
Д1айахьа езара зама хьо.
Барт хилла тхо даха туьгуш дац,
Цхаъ хилла тхо даха хууш дац.
Ирча ду собарца доцу са
Велла ву Исламехь воцурга!
Свидетельство о публикации №124120702381