Апиврачам с Грозного

Куц хаза, г1иллакхе, дист хилар тайна,
Вай Дала и похьма шуьшинна делла,
Адмашна пайденна хилре сатуьйсуш,
К1оргера 1илма шун довзийта лууш.

Накхаршца долчунах кхетам а белла,
Царах дерг довзийта бакъо а елла,
Нийсачу новкъа шу дахар нисдина,
Шен г1ийлачу лешна и дарба кечдина.

Хиндолчу дарбана бахьан шуьх долуш,
Аш лелоч дарбанех дегйовхо йолуш
Вай Дала шу не1ре хиттадо адмаш,
Г1олене сатуьйсуш,лахарца бахьнаш.

Аллах1а лелочух беркат шун дойла,
Х1инц санна даимна адмаллийц долуш,
До дарба,туху куьг шун меле дойла,
Собарца, иманехь чекх довл ницкъ ва луш.

Атта дац цамгаро г1елдинчу адме
К1едаллийц ладег1а,собарх ца вухуш,
Амма шун Аллах1а кхетам баларна,
Аш безаш т1елоцу шайн г1ийла вежри.

Лаьа сун даггара баркалла ала
Х1оранне йиш-вешер ларамца шуна,
Аш лело и г1иллакх бахьналл ду деза,
Дицлуш дац дагана хаздаьлла заза.

Сий дойла шу Дала  массо а ханна,
И похьма д1акхехьа 1илманц совдохуш,
Барт лойла дахарехь,хазъеш х1ар зама,
Лелочух чамкхета меттиг а юьтуш.


Рецензии