Сайн ойла 1ехийначу Аишина лерина
Дуьненахь хьан меха сан х1ума дац,
Дог хьостуш,сан дег1ер и лазарш дайдан,
Цо суна совг1атна яийти хьо.
Х1ай,жима Аиша,сан деган йовхо,
Х1ун хир ду хьоьл хаза,б1аьргана ган,
Сан г1айг1а,сан ойла -_ерриг д1аэцна,
1иэхи ахь сан корта, ду хьо сан са.
Х1ай,жима Аиша,хаз даьлла зезаг,
Дуьненахь хьан меха сан х1ума дац,
Ехийла хьо тхуна,кхиарца 1ехош,
Г1айг1анаш,баланаш хьо йолчахь дац.
Вайн Дела камаьрша хиларх яц шеко,
До1анна жоп делла,дели цо ирс,
Малх кхетта,сирла де хьо хилар хета,
Хьо йоцуш яьккхан хан,бу эрна г1ирс.
Хьоьстийла хьо ирсо,хьоме Аиша,
Ма гойла хьан ши б1аьрг кхуьйлина де,
Седаршна юкъахь а бу сирла седа,
Нийсархош сан даггар йохийл хьан ц1е!
02.12.24шо
Свидетельство о публикации №124120205615