Даймахке
КIур боцуш хаьддачун къина,
Лар йоцуш вайначун къина,
Каш доцуш веллачун къина,
Бехк боцуш вийначун къина,
Йелхалахь, Нохчийчоь, доггах
ХIора а хьайн кIентан къина!
Барт бохьуш вогIучун дуьхьа,
ГIийла йорт йеттачун дуьхьа,
Собарца дог хьуьйчун дуьхьа,
Дика йуьхь гIатточун дуьхьа,
Йахалахь, Нохчийчоь, маьрша
ХIора а хьайн ойлан дуьхьа!
Мотт сецна лиэлачун цIарца,
ГIо доьхуш кхойкхучун цIарца,
Де эшна гIийлачун цIарца,
Хьайх тешна Iашболчийн цIарца,
Лиэпалахь, Нохчийчоь, нуьре
ХIора а хьайн кхерчан цIарца!
Хьайбахан Iаьржа кIур алий,
Сибрехан къиза мур алий,
Харцонан шалха кеп алий,
Воьжначуьнга гIаттахьа алий,
Кхайкхалахь, Нохчийчоь, тхоьга
ХIора а вицвийр вац алий!
Безаман дош хилла йоза,
Декъала да хьистина йоза,
Кхолламан зил хьоькху йоза,
Бехкамаш шех хьоьгу йоза,
Дасталахь, Нохчийчоь, тхуна
ХIора хьайн къайленийн йоза!
Лар йоцуш дIадайна дахар,
ЦIе йоцуш дIадаьлла дахар,
Шен ойла ца йина дахар,
Шен хьолах ца кхетта дахар,
Къобалдехьа, Нохчийчоь, доьху,
ХIора а адаман дахар!
Дай махках бохучу дийнан,
Iаьржа ун даьржинчу дийнан,
Хьан къаной билхинчу дийнан,
Маьлхан нур хьулдинчу дийнан,
Теш хилий, Нохчийчоь, йаха
ХIора а хин долчу дийнан!
Дикачу хьан воIан метта,
Буохамо аьхьначун метта,
Декхарах къаьхкинчун метта,
Ша декъаза хиэтачун метта,
Со вала хьан, Нохчийчоь, къина,
ХIора а хьаьшначун метта!
2003 ш., оханан беттан 12 де,
Самара
Свидетельство о публикации №124112505622