Нохчийчоь
Кхиалахь, Нохчийчоь, денна,
Зазашлахь хьоькъуьйтуш гаьннаш.
Лаар-кха хьо маьрша гойла,
Сан цIена кхиайеш ойла.
ХIун хир ду Даймахкал токхе:
Сан шовкъ, сан ницкъ, сан лакхе.
Хьоьца йу беркатан къайле,
Со маьрша кхиийна гIайре.
Сан хIора гIайгIа ахьа йаьсти,
Де къагош кхачайеш бIаьсте.
Сан амал йехаш йу хьоьца,
Хан йаьлча хьо дага лоьцуш.
Хьан цIарца дуьненчохь веха,
Хаьа, дац хIума хьан меха!
Нохчийчоь — сан шира туьйра,
Хьоьца йу дог денде уьйраш.
Нохчийчоь, хьо бу сан Даймохк —
Сан малх, сан беттаса, сан дохк.
Хьо бу сан йист йоцу бахам —
Сан кхоллам, сан ирс, сан дахар…
Дозалла до хьоьха доккха,
Сайн некъаш хьан кхерча дохкуш.
Марздина нанас хьан амат,
ГIиттавеш диканна Iама.
ХIун хир ду Даймехкал деза:
Сан лехам, сан хуорам, сан безам.
Сайн кхане лоьхуш ву хьоьца,
Хьан цIеначу лаьттан тIехь соьцуш.
Де гIотту, кхаладеш баххьаш,
Йелайеш адамийн йаххьаш.
Геналлехь хьо ган сатуьйсу,
Йагарйеш чим хилла буьйса.
ХIу хир ду Даймехкал хаза:
Сан бахам, сан хастам, сан лазам.
Шовданаш йист йоцуш Iиэна,
Дин терса, хиэдадеш ленаш.
Олхазарш цхьа кура хьийза
Стигланаш ловзарехь сийсош.
Нохчийчоь, со ву хьан озах:
Сан ницкъ, сан кхерч, сан йоза.
Беза бу суна хьан тешам,
Со стом бу кхуьуш хьан бешахь.
ХIун хир ду Даймахкал мерза:
Дайн кешнаш, хIолламаш, баьрзнаш.
Дебийла ахьа тесна орам,
Даржадеш хIу нохчийн къома.
ТIейеъча Iожалла сийлахь,
Лаам бу Iилла хьан кийрахь.
Ма гойла цкъа а хьо йоьхна,
Хьан кIентий доьналлех боьхна.
ХIун хир ду Даймахкал сирла:
Сан синтем, сан бахам, сан илли.
Кхиалахь, Нохчийнчоь, денна,
Къагадеш бохь-лекха лаьмнаш.
2006 ш., лахьанан беттан 18 де,
Соьлжа-ГIала
Свидетельство о публикации №124112505618