Шиъ

Даккхий синош к1анта доху,
Шен ц1а ваха дог ца дог1у.
Хьехерхочо «шиъ» х1оттийна
Халахетта 1авадина.

Лаьтта «шиъ», аг1о д1алаьцна,
Ц1ен бос лепош, доцуш б1арла.
Дустош, ша кхиийча санна,
Иза - м дуьзна иэккха доллу.

- «Сан тетрадь т1ехь товш ма дац и.
Дадина гахь, мегар вац и.
Эхь ца хиэтий г1ург1аз санна,
Ворта арасеттош латта», -

К1ентан коьрте эзара ойла
Хьийза, дайна  парг1ат 1ойла.
Ловза лаам кагбеш, бойна
«Шиъ» бух боцчу бердах г1ойла.

Тилпуо, ловзарш 1адда дитча,
Урокаш йан охьахиъча,
Ц1ера болх бар 1авадина
Пайдехь хир дуй х1инца хиъна.

Азман Джабраилова


Рецензии