Ваша д1аваьлча

Суна ца моьттура  хьол т1аьхьа йисна,
Сайн дагна деттар ду 1ийжаме  ов.
Масание йижарий бу белха бисна,
Лан дезча вежарех къастаран  чов.

Хеназа нур даьгна седанах тера
Дахаран некъ хаьдда, д1аваха хьо.
Тезета гулбелларш бирзича, вашас,
Йахь ца луш, къайллаха б1аьрг бакъабо.

Хьаьнца ас хьох йисна 1уьйренаш йиекъа
Ца хилча уллехь кхин дог иэца  хьо?
Дуьне, йа дахар дац со шайха хьега,
Шелйелла дог-ойла йох ма ца ло.

Йоьлху хьан къина хьан доьзалан нана,
Х1инца цуо беттар бу декъаза лол.
Дезар ду,  да воцуш, шаьш баха 1ама.
Леланза ца йолу цу Делан кхел.

Х1инца а иэсехь ду хьан амат къона.
Нахалахь хьох дисна дика дош тов.
Бехаш бу хьан хилла доттаг1ий гуонах,
Уьш гича дайло сан дагера ов.

Ницкъ кхачац даг чуьра сан г1ура йаста,
Делахь а, хир дац сан кхолламца дов.
Йишина хала ду шен вешех къаста,
Тезет д1адирзича т1еч1ог1уш ков…

Азман Джабраилова


Рецензии