***

Беттан са кхетта, хаза йу буьйса,
Стигал а йуьззина седарчий лиепа.
Хетало цара меттигаш къуьйсу,
Х1оранна вайна, шайн дагахь къеда. 

Диезачу дегнаша дагара дуьйцуш,
Цу стиглахь хаьржина цхьа седа бу.
Ткъа цуьнга цара шайн безам буьйцуш,
Хетало буьйсанаш йацйелла йу.

Маржа йа1, жималла, ма
к1еззиг зама
Йу хьуна вайн Дала дахарехь йелларг…
Мел хьаьдда  д1айоьду дог хьосту хан а,
Йахйала лаьара вайна и меллаъ.
 
Вовшашка сатуьйсуш,
мел дукха къаьстина…
Йаздинчух ца довлу ма олу вай…
К1езго бу безнариш дуьнено хьаьстина…
Ткъа массо ма ду вай Аллах1ан лай.

Закаева Фариза


Рецензии