Сан хаза жималла

Жималлехь уггара доккха сан г1алат,
Воккха хила са туьйсуш, ас ехьна хан.
Велар со х1инца а,  йошуш сайн Абат,
Ма сиха д1а деликх, бераллийн «1адат»

К1орггера ойланаш со боле лоьцуш,
Юх ерзо г1ерта дог, д1а яхна хан.
Х1етте а, эшна со, боданехь вуьсуш,
Жималлехь вийлинчух, воккхалехь воьлхуш.

Жималлехь моьттура «воккхалехь» ирс а ду,
Хетара самукъа хьан генахь ду.
Амма и, хьо 1ехош, д1а долуш хиллера,
Дерриге сан ирс а, бераллехь ду.

Д1а яхна хан сан, йог1ар яц юха,
Г1ан хилла сан дагчохь и ехар ю.
1а дика йойла хьан, сан ирсе бералла.
Хьо юх яле са туьйсуш, со вехар ву.


Рецензии