Тезет
ТЕЗЕТ
Тезет ду Нохчийчохь шийла кхаъ кхаьчна,
Бакъволу къонаха кхин вайца вац!
1ожалло вигна и шийла куьг лаьцна,
Амма цо йитна лар цкъа а йовр йац!
Тезет ду х1оьттина, белхар ду лаьтташ,
Геннара некъ эцна нах гуллуш бу.
Лазам бу х1ораннан дагчу ов детташ,
Делан лай, 1илманча кхелхинарг ву.
Тезет ду Нохчийчохь, эшам бу хилларг,
И саннарш вайн махкахь дукха а бац,
Кхелхинарг Муса ву Арсанукаев...
И дагах ца кхеташ стаг висна вац.
Тезет ду х1оьттина. Йаздина хилла,
1ожалло некъаца д1адахьа са,
Дахарехь хьан сица ца хилла х1илла,
Бохамо хьо везнарш гулбина схьа.
Тезет ду Нохчийчохь, сел везаш хилла,
1илманча воьрзуш ву эхарта д1а,
Муса, хьан каш-лахьтий хуьлийла сирла,
Дахарехь сийлахь ц1е йуьсур йу хьан!..
01. 09. 24ш./ 02. 09. 24ш.
Свидетельство о публикации №124090300055