Толаман бал

Раиса Абубакарова - Джабраилова.

ТОЛАМАН  БАЛ

Вайн оьзда 1адаташ кегийна дайча,
Дайн г1иллакх сийсаздеш даго ца лайча,
Доьхначу низамца вайн иэшам байча,
Т1аьхьенна гундериг шайна ца тайча,

Йуьстаха ца лаьтташ дайша къахьегна.
Доьналлех ца буоха хийла уьш иэгна,
1адаташ лардина т1аьхье ца йайта,
Т1аьхьенах лай хилла къам д1а ца дайта.

К1иллошна ца гайта х1оьттина кхерам,
Вайн дайша шайн дагчохь хьулбина  иэшам,
Мостаг1на ца гайта йукъ-меттиг йоьхна,
Вовшашлахь  ца дитна ала - барт боьхна.

Иэшначохь махкана шайн са д1аделла,
Къам лардан махкара къонахой бевлла,
Турпалхой кхиорехь терго йеш хилла,
Ца вита турпалхо йукъ йостуш 1илла.

Т1едеъна дика-вуо лардарехь  хийла,
Къонахчун дог айдан весет деш хилла,
Сингаттам совбаьлча йахь д1а ма луолахь!
Къар ца луш туоламан хелхарбал хьуолахь!

Лазар хьайн совдаьлча доггах буохь буог1а!
Сема ладог1арца гонах б1аьрг тоха!
Букъан сурт ца саттош дег1 нисдан  г1орта,
Ца олуш иэшамна йазйелла ворта!

Вайн иэшам ган лиънарг ахь дохковаккха,
Уггаре оьзда йо1 ахь хелха йаккха,   
Мостаг1на цкъа а вайх луур ма даккха,
Вайнехан г1иллакхца  ахь толам баккха!

Собарах ца вухуш ахь хьалхе йаккха,
Т1ом т1амо эшийна зама д1айаккха,
Нохчийн мотт йуккъера цкъа д1а ма баккха,
Мотт ларбахь, хьайн махкахь вехар ву атта!

20. 09. 21ш./ 22. 06. 24ш.


Рецензии