Сан дика доттаг1а
САН ДИКА ДОТТАГ1А
Дахаро вайн цхьана далийча некъаш,
Тиллича гергарло хоьттина т1ай,
Де-дийне мел дели марзонаш хьекъаш,
Пусардеш беркатах дехаш ду вай.
Мацвелча буучу кхачанал мерза,
Вовшашца т1екереш латтайо вай,
Марзонаш йуста вайн хирдоцуш терза,
Дайх дисна г1иллакхаш лелаш ду вайн.
Хеталуш довха ц1ий вовшашца ийна,
Дика-вуо т1едеъча цхьана ду вай,
Доттаг1а чохь воцу х1усам йу тийна,
Хьо волчохь комаьрша йовхо йу Дайн.
Дехийла вай вовшийн г1ончий а хилла,
Цкъа мацца г1о эшна йаг1ахь а хан,
Ирс-аьтту ца лелаш некъаха тилла,
Дахар а хуьлийла къегина хьан.
Кхин д1а а вовшашца гергарло дезаш,
Дехийла диканех ч1аг1белла гуо,
Диканца вовзарна Далла а везаш,
Вехийла, дахарехь кхин ца гуш вуо.
07. 07. 24ш.
Свидетельство о публикации №124082606064