Хьидин к1отар
ХЬИДИН К1ОТАР
Нохчийчоь, х1умма дац лаьттахь хьох хийца,
Иллешца, эшаршца хестийна хьо.
Дуьненахь хьол хаза х1ун хир ду дийца?
Мел толлуш лелча а, кара-м ца до.
Беркате адмаш ду хьуна чохь дийца,
Оьздачу г1иллакхийн йу билгало.
Гу лекхчохь йиллина йу Хьидин к1отар,
Цундела 1адаташ лакхенехь го.
Увайсан поп лаьтта йуьрта чувулуш,
Хиллачийн теш санна, шех хилла чурт.
"Хьаьжин гу" тобина, наха г1о лоцуш,
Хьанала къахьоьгуш, йехаш йу йурт.
Латтийла беркате, дика нах дебаш,
Хьидас мохк хьаьржина къастийна гу,
Йуьртарчу марзонех дегнаш ца 1ебаш,
Даймехкан куц хаздеш, хьо кхуьуш йу!
18.08.24 шо.
Свидетельство о публикации №124082606015