Йахь йолу дурта

Раиса Абубакарова - Джабраилова.

ЙАХЬ ЙОЛУ ДУРТА

Йоьхна хан хилла и цу немцойн йовссарша,
Къизалла гайтина мохк бале лацарна,
Кегийнаш, баккхийнаш цу т1аме кхайкхаро,
Нах холчах1иттийна дуьненан бохамо.

Да воцуш кхиийна шен цхьаъ бен воцу к1ант,
Цу т1ам т1е  д1ахьажо цхьа нана йеана,
Йеана схьакхаьчча гинера ирча сурт,
Йижарийн маьхьаршна вежарий боьхнера.

Бойсг1аран т1аьхьенах и нана хиларна,
Дог ойъуш вежарий д1ахьовсо лаарна,
Ша йоьхна  ца гайта лакхене йаьллера,
Генара мохь тоьхна хозуьйтуш аьллера:

-Сан к1ант !   Т1ехь да воцуш хьо аса кхиийна!
Хьан дуьхьа сайн дахар когаш к1ел диллина !
Эхь хуьлда кхералахь кхерамаш туьйсучохь !
Лечкъина хьо гайтахь мостаг1ий цоьстучохь !

Хьо цхьаъ бен вац бохуш букъ т1ехьа ца тоьттуш,
Хьан т1аьхье йац бохуш кучан к1ел ца лечкъош,
Ас т1амна кечви хьо махкана хьаналвеш,
Дурти ц1е ларйелахь Нохчийн ц1е ца йожош.

Йуьхь1аьржа вог1ийла хьайх чекх са ахь гайтахь!
Хьайн мехкан  сий дожош лелаш ву алийтахь.
Хьарам до, наб йойъуш, техкийна  ас ага,
Ненан сий дожийна  дуьхьала хьо ваг1ахь !!!

Схьаверзал дуьхьала, ладог1ал  леррина !...
Хьайн дег1 мел хиларх а чевнаша дерина,
Даь1ахкаш йиталахь аренца йажийта,
Мумади кхерийна нахе ца алийта!

Хьарам бо ас хьуна баийна сайн накха,
Нохчийн мохк хийцина валахь а хьо акха.
Мохк ларбеш 1енна ц1ий дуьллийла хьан меле,
1алашвар доьхур ду  Везачу вайн Деле !!!

И къамел д1ахезча букъан сурт нисдина,
Цхьаъ санна з1е нисйеш мог1ара х1иттина,
Кхайкхамца, - Сий хуьлда, хьомсара тхан Нана !
Майрачу салташца шалонаш йоьттира!

-Сий хуьлда, -ала вай оьздачу вайн Ненан!
И кхайкхам хьехам бу муьлххачу а хенан.
Хьан собар  хьакъ ма ду иллешца довзийта,
Бойсг1аран т1аьхьенаш халкъалахь йовзийта !!!...

14. 02. 21ш./ 21. 08. 24ш.


Рецензии