Омар Хайям

               ***
Нагахь со вайн дуьне кхоллархо
Нисвелча ц1аьххьана хила,
Ма хуьйцур дара ас шадерриг,
Ца къестош бухера дуьйна,
Йолушйерг д1але1на со ваьлча,
Йирйара кхин башха стигал,
Шена к1ел заздаккха ца дуьтуш
Оьзда мел дерриг бен, дийна.   

Ма къиза дералла йу хьоьца,
Бакъ долуш, х1ай стиглан лакхе!
Кхуьушшехь кховдадо ахь зезаг
Х1ур бечу 1ожаллин хьера.
Чуоьзча 1аь санна мархаша,
Каш-лахьтехь мел 1аь1на ченаш,
Лаьтта т1е хьолхур йар-кх ц1ийн 1овраш
Лакхара, ца совцуш жерахь.

Кхолламийн Да, Ахь ви-кха со а,
Луш суна амалаш башха.
Чаг1аран чам гайти, хьестарца
Мийлош йу безаман г1айг1а.
Азаллехь дуьйна Ахь ма вара,
Хилча со дуьнеан хьаша,
Соьгара хьун даьлла те, кхел
Жоьжахатехь Ахь суна кхайкхо?

Стиглан 1ад! Кхоъмаза хьийзадо
Ахь, къиза х1аллакдеш адмаш.
Тхо ч1ог1а х1иттийна зулмаша,
Харцо Ахь хецна йитарна.
Х1ай Латта! Чоь йат1ош хьуна чу
Йиш хилча, б1аьрг тухуш, хьажа,
Ма шортта карор йара хьан кийрахь
Жовхарел  хьесапна мехала хазна.

Цхьа куьг ду маларан кад буйнахь,
Ткъа важа д1алаьцна Къуръан.
Цкъа вужий Далла ас сужда до
Йа вуьсу, тхьуз вулий, воьжна.
Стиглан 1ад! Ахь муха лов теша,
Хьайна к1ел тхан 1еса «гужбан»?
Тхо кхоччуш бусалба ца хилча,
Йа ж1арех дог тешна керста.


Рецензии