Ярычев 1умар
Вац кхин вайца. Бакъ хили и кхалхар!
Тийжарца боьлху хьиег1аш деган мерз.
Цуьнан сийлахь оьмарх дуьзна тептар
Ду, вайн дахар йух-йуха листа герз!
Шераш идда къаьхкинчу дойн хьолехь,
Буьрса 1аннаш нислуш т1улгийн некъахь.
Воьрзу х1усам хили винчу ломахь,
Дагна хьоме гергара Мескат1ахь.
Ма г1елйелли лазартнин и чоьнаш,
1овжош 1уьйренца, дагчу хьовзош ов…
Ма беза мохь хиллера цо хадош
Винчу Даймехка сискал – туьханах.
Цуо хьекъале б1аьргаш, дерриг девзаш,
Хьежийра сема карзах дуьнене.
Ткъа къора аз декна стигла къовкъош,
Ницкъаца кхийдаш синан къайлене.
Къа ца хьегча, лац кхолламо туолам,
Цо некъ бира, иэхьаца лардеш иэс!
«Йеха буьйсанаш» йара луьттуш дахар,
Ницкъ-г1ора лург дара !Лаьмнашках ткъес».
Синтем байна дара цуьнан дахар,
Бода чехош, седанах догура са.
Кийча хилар, шен дег1ах дан саг1а–
Дара и тарвеш пайхамар -1ийсах.
Йеса чохь ма чхам-аьлла ду буса,
Дош ца кардо деган чов йаййал…
Т1ех хала ду адмийн дагчохь виса,
Цул хала ду, лар йайна доьза вар.
Хьан Лензаллехь йолчу Сийлаллина-м,
Махкахойн шех иэрна лазман мохь,
Тайна хилла, билггал, хьанал хилла,
Х1ара ламанан басе Мескат1ахь.
Ч1ожан к1оргехь буьйса тийжа балехь,
Стиглан сенехь аьрзун г1аларт деша.
И велла вац, кхелхи-кх цуьнан зама–
Шен диканийн иэс хилла лела са.
Свидетельство о публикации №124082506963