Роза Талхигова

Сан чолхе дахаран аг1онаш.
Ширйелла чов йухаъ х1уттур йу текъа –
Сахьийзош т1ех тамашийна.
Хьо ма хила дог йовха, аьшпийн х1орд ле1а
Йуха ца йерза, ас ч1аг1о йина.
Вовшен гар нисделча, данне лац самукъа
Эшамаш ловчу дуьненахь.
Сагатдеш ма хила, нисдеш сурт букъан,
Со йер йу не1саг1ил дехьа.
Йоьдуш со новкъахь цхьаммо, къажарца декхна,
Зезагийн курс кхийдош хаалахь,
Хьо воьхна ма гайталахь, бегашна некъан.
Байттамал, хьо-м хир вацара и!
Хьо варе сатийсар къастий ас-сайха,
Кхолламан сизех со тешна.
Хьо г1алат вац хьуна, даьллехь са малха,
Сан йелар-м хьуна дац иэшна.
               
                ***               
Сан дагна йовхо луш серлох сиз дуьйжи
Б1аьстенан Малхбузен йисттехь.
«Ткъа шарна со т1аьхьависи», - ахь олуш,
Мук1арло дели хьан бетах.
«Ткъа шарна со т1аьхьависи», - ахь алар - 
Сих кхийти, деган чов морцуш.
Амма цхьа шеко йац малх г1оттург хиларх –
Тешнабехк, йамартлой йоцуш.
Кхоам йа1, йовш лаьтта б1аьстенан йовхо,-
Хьан хьежар дайна го, беса.
Кхолламо х1унда ди вай цхьаьнатохар,
Доцушшех вовшашна иэшна?
Дог, ойлий диталахь д1ахецна, мукъа.
Г1айг1анаш – уьш стенна оьшу?
Цалаарх, лууш санна, диекъало некъаш
- Ца дехна къастораш дохьуш.
                ***               
Кхолламан хьан некъахь со хьаша хилла,
Ши-кхо шо хадийна зама, -
Хьо-м хир вац сан деган лазамех кхиъна
Йа цуьрриг беш церан хама.
Моталло, сайн дагах йухаъ ас-айса,
Кхоъмаза, чекхбохуш хьостам…
Хьоъ хилла – кх кхолламо тилкхаза тесна,
Хьаша веш, сан дахар хьаста.
               
                ***               
Хьан деган илли сох хила ца тигна,
Бац тешам кхоллам цхаъ хиллал.
Дахаран мажйелла аг1онаш листа,
Къоьжа дохк дийр ду ас векал.
Сан чолхе дахаран аг1онаш йуьлуш
Сан б1аьргийн хиш хир ду – чам дуьра дог1а.
Ахь къорра, ца аьла: «Собарде», - х1уьтту,
Хуьлий вай кхолламан къасторан доза.
Шен хенна седарчех йухало стигла,
Сайн болар ас даим дахарца нисдо.
Легашкахь сецна мохь: «Ахь муха магий?»
Маржа - йа1! Ма хала ду, бисча чохь сецо!
Герз даьлча, б1аьштиге бовха х1оъ санна,
Хьаьрча хьох йехаза, дог къахьден, ойла:
Сох безам хадорна, хьоь кхаьчна цхьалла,-
Ирс къахкорна, хили хьо, дег1 са чохь, велла.   
               
                ***               
Т1аьхьо вай девзинех хан кхаьчна къаста,
Цунна-м вайн бехк ца хила мега.
Дисинчу дахарна сайх йина б1аьсте,
Хьан иллин суй хилла, лаьа йага.
Хир дац кхин инзаре, тамаш бан х1ума,
Г1ала тий даьржийна г1енаш.
Лаьар-кха йицйала цхьажимма суна,
Йох а луш хьан куьйгийн канахь.
Къамеле ца йуьйлуш, хьо новкъа вохучу
Эрг1аде хьоьгу со кхечух, -
Туш сецна х1усамехь, кевнах чувохуш,
Хьан кхоллам шех хилла 1ачух.
Некъаха ца вухуш, хьо г1оза вахар-
Сан дагна кхаъ бу-кха даим;
Синтем бу суна хьан леларна кхерам
Ца боккхуш д1аэхар зама.
               
                ***               
Хьо тешар вацахь а, ца везна суна,
Мел шек хьо хилахь а, варе ца хьежна:
Хилла ас кхоьллина инзаре туьйра,
Дуьххьалд1а дог 1ехо, синйовхо йезна.
Доьлучу хьан б1аьргех хилла со йоьлла,
Суьйренца вовшен гарх йоццачу ханна,
Иштта д1а тиекхачу иэсехьа йаьлла,
Сихаллехь хьаьдда, со хьуна т1етайна.
Хьо тешар вацахь а, пал ас ца тийси,
Ч1аг1онаш ца йи  ас, харц х1уьла хьоькхуш.
Теш хилла, сан са ша цхьаллица кхии,- 
Ц1е йаьгначу меттехь йисарна овкъарш.
 Во1данаш ца йора вай вовшашна йеса,
 Уьдучу денойн йа хьесап ца дир-кха.
 Билггала шине а хаара шера
 Садаржа долалуш д1адоврдуй чиркхаш
Хаара йочана йера йуй ловза
Арахь, чу кховдадеш, вай къастар корах.
Доццачу ирсана  йу со т1ех реза;
Ас-сайна кхоьллина хиларна суьртах.
Хиллараш – леллараш моттарехь десто 
Дуьтур вай пхьоьханан маттана дийца.
Т1ехволуш соь кхоссар йеш йоца:  «Здрасте», -
Хьоъ вовр ву-кх, шийлачу тобанах ийна.
 
                Куралла.
Дераллехь йеш кхоссар, адман сий хьаьшна,
Гушшехьа  цуьнан доьхна, бехкала хьежар.
Йоьду хьо  кураллица, деш йоьлу аьшна,
Ч1аг1луш хьайн оьмарехь кхин цуьнца ца хийша.
Дог  диллаза, лазамца иза хьаьжи  т1аьхьа:
Доьхура цо-м гечдар шена – ахь ца луш жоп.
Сирлачу безамах, аш хьалха мел тоьхнарг,
Стела1ода серло санна, ца дахлуш дов.
Шерийн мур д1ауьдуш, хьа – м бераш  кхиъна,
Ц1ийнада нисвелла т1ех  муьт1ахь, йезаш.
Амма цхьа кхетар вац йа вер вац кхиъна,
Хиларх хьан б1аьргийн нур, г1айг1анах дуьзна.
Дог 1аббош йоьлхий ахь т1еоьцу хан – зама,
Къахь 1аь1начу иэсо хьан са дитац тен.
Х1уьтту и хьан некъахь цхьа а, акхтарг санна,
Т1аьхьадисна  кхардаме аз декош: «Гечде»!
Эрна ду д1адевлларш кегор барца кхоам.
Ма гуш йац – кх г1айг1анийн йа йист,  йа чаккхе!
Сов къаьхьа хиллехь а бина дегабаам, -
- Куралла хьаьшна - бу бекхаман чам.
               
                ***               
Со д1а ма татталахь, халонийн муьрахь
Доттаг1е санна, хьоь дог далхо йаг1ахь.
Генарчу хьан б1аргийн к1оргенийн бухахь,
Ма гойла суна уьш  бендацар дагош.
 Доьху д1а ма татта йоццачу ханна:
 Хьох ийна кхолламца со йаржа  г1ортахь,
 Къаьхьа мохь даг чохь ца сацалуш маллахь,
Чов хилла олхазарх йожахь довш г1ора.
Со д1а ма татталахь, ца боссо бала,
Хьо воьлча кхолламан аг1онаш херца,
 Со - м адмийн тобано шех хьарчош, мелла,
Хьур йу д1а, кхин цкъа а йуха ца йерза.
Дуьненан къестараш ду ларар эрна,
Амма вай ул-уллохь нислуш мур баг1ахь,
Ца херйеш т1еиэца, доьху, ма – йарра,
Йохйелахь ховхачу хьажарца наггахь.
 
                ***
Деттачу иэса чу хьажар сан нисло,
Т1ехйолуш, итт минот ханна.
1алашо йацара х1умма а нисдан.
Йа  хилларш йуха ган хьаьгна.
Сада1а лахйели г1антана йистте,
 Хьан деха, тидаме, хьажар т1ехь соцуш.
 Хьо волчу со муха, х1унда кхечите,
 Со гича хьан хазахетар а доцуш?


Рецензии