Анатолий яни
Лайн оба тIехь воьсси ГIура-Дада,
Мачин ленаш дина буто шах,
Бераш долчу иза каде хьаьдда,
Маса йоьду, цIерпошт хилла шех.
Беха некъахь декъалбо цо нохчий,
Финаш, украинцаш, эрмалой…
Воьлуш, хьоьсту, достий деган бохча,
Хьоьрсу маьрша дахар, ирсе той.
ДIасайоькъу ловзаран туьтмIаьжгаш,
Салаш хехка кхойкху цо ша тIе,
Кремлан безе* даха ло билеташ,
Берийн дегнех латош кхоан цIе.
Кхочу Керла шо даздаран шовкъехь,
Вайн ирсана дулуш шеран сахьт,
Болар декош лаьттан массо некъахь,
Лела велар къежна мекхашлахь.
ГIура-Дадий,
пхьагалшший
Детех кIаййеллачу можца,
Мара – цIеран алул цIен –
ГIура-Дада хаа гIоьрта
ТIехйоьттина трамвай тIе.
Некъахой тIебоьрзу цунна,
Цуьнца забарш йолош шайн:
«Йу тешна хьоьхь пхьагалш тхуна?
Йа виси новкъахь йайна ?
– Пхьагалш-м, ву со шуна къера,
Уьш тахна ас йеъна йац,
Амма дош ло: вагон тIера
Пхьагалийн тоба лаца. –
Гонах хьожу, мекар къиэжаш,
ТIехьа тосуш чиллан маж,
Вистхуьлу и, бегаш боцуш:
– Гайтал шайн-шайн билеташ?
Тап-аьлла, д1атийра деларш,–
Дадин йуьхь йу буьрса тIех –
КIажахь цIийели ши «пхьагал»,
ГIура-Дадех хетта иэхь.
Свидетельство о публикации №124082506941