С, есенин

                *  *  *               
Дашо боьлак къамел дина йели
Лиэбеш даькхнийн синкъиэраме мотт,
ГIаргIулеш а гIайгIане тIехтили,
Цхьаннен пусар ца деш, кхехьа йорт.

Пусар стен диэр? ХIора – лаьттан хьаша,
ВогIий, лелий, воьду дуьтуш цIа…
КIуомалх бала беллачарах, хьиэгIаш,
Баттах Iема,  йуьстахваьлла Iа.

Цхьа лаьтта со кху йесачу арахь,
ГIаргIулийн жут мохца генахь йай…
Со-м самукъне къоналлин ву хьаьттахь,
ДIаихначух кхоам боцуш вай

Кхоам хетац эрна дайна шерийн
Йа, сих къаьсташ, божарх зазан бос,
Стоьмийн бешахь догу цIеран кIегий,
Амма валац цаьрга цхьа а вох.

Дагац цу алонгахь диттийн генаш
Йа можалло буц хIаллак ца йо.
Дитташ тIера дужучу гIах тера,
Наггахь пошме дош соь кхоссало.

Амма нагахь мохо даржийнчуьра,
ТIегулдахь уьш, беш ца оьшу сал,
Аш алалаш: дашо боьлак кхузахь
Iийна, гойтуш ховха меттан хьал.

Кхоам хеташ, кхайкхош со ца воьлху,
Дахаран заз дожарх, хилла кIур.
Тишваларан можа марха лоцуш,
Бовр бу доьза сан къуоналлин мур.

Хьалха санна детталур дац хьо а,
Сан дог, дулуш леца шийла хьу;
Вуьгур вац ахь, ган базанийн духар,
КогашIуьйра гезбан хьаннийн шу.

Наг-наггахь бен хьо а, тем байна са,
Тигац цIарца чахчо балдийн зов…
Маржа-йаI-кха! Йайна таналла сан,
Аьрха бIаьргийн синхаамийн тов.

Вац со тIиэра лаамашна хIинца,
Дахар! Суна гIенах ги те хьо?
Моьтту: со бIаьстенан гIовгIа эцна,
Цхьа расхачу дино йуьстах хьо!

Кху дуьненах массо къаста веза,
Тийна леша къохкан гаьннех моз…
БIешерашкахь декъал хуьлда, дерза,
Кхалха деънарг, цкъа даьккхина заз.


Рецензии