Р, киплинг

 
                Хьиэхам
Син урхах ма воха, нах карзахбовларх,
Тобано ша тилларна, хьо бехке веш;
Хьо-хьайха тешалахь, дуьне пурх дерзарх,
Къа-балех боьхначийн къиношна гечдеш;
Хьо, царна оьшу сахьт, тIекхаччалц хьиэжа.
Аьшпашца хьо варх аьшнаш  – бехказа ма вийла,
Гечдан Iама, нехан хьайх ца кхуллуш хьиэгар, 
Шайгахьчул сов хьекъал, комаьршо гина.

БIарлагIийн лай воцуш дикане сатийса,
Ойланийн кIоргаллаш Далла тIе тийжош.
Хеставар, сийсазвар догреза тIеэца,
Диц ма де – адман мах  – тобано ловзор.
Тийна Iе. Мекарчо, хьан дош деш йемал,
Аьшпех бинчу маши чу сонтаниш ийзош,
Дахарехь мел дерг а дуохийна, хьаьшна,
Дисахь а хьайнна, йухадендай, буххера хийца.

Говза хила, сатийсам адмашлахь чIагIбан,
ГIоддаха мел динарг терзан тIе тасий.
Доллучух дIахьаьдда висахь, сагIа деха,
Ма белахь лаамаш собарна беса.
Ницкъ кхача халонгахь дог, дегI, синхьесий
МуьтIахь дан, гIелйаларх ойланаш коьртехь;
Мел динарг йа лайнарг хиэтарна эрна,
Деккъа хьайн деналло бахарна – дIагIуорта!

Висалахь догцIена паччахьийн гонехь,
Пхьоьхане хуьлуш вист, бакъ дерг дIаала.
Нийсонца чекхвала диканехь, вуонехь.
Бакъ лардеш, некъ бита гонна хьо лара.
Дуьненахь хьо вехаш сахьташца денош
МаьIне дан хьажалахь дахарна нехан,
Дуьненчохь сийлалла йер йу хьан дола,
Сан воI, хьох хир ду тIаккха – дуьззина Адам!

                Нагахь…
 Нагахь хьо, ца вухуш, саметтахь виснехь,
ДIаберзарх гуонах берш, коьртах а бевлла,
Нагахь хьо висинехь хьалха ма-варра,
ДоттагI тIех ца тешаш, хьох шек а ваьлла,
Цул сов хьо ларийнехь, воцуш дог шийла,
Харцонна садетта, йоцуш хамталла, –
ТIаккха йац хьан йиш, хьуо эвлайаъ лара.

Амалийн урх нагахь ахь буйнахь къовлахь,
Ца дойтуш куьйгалла цаьрга хьайн лаамна,
Кхиамехь, иэшамехь деналла чIагIлахь,
Хетарна церан мах хьуна цхьатерра,
Нагахь ца къарлахь, хьайн бетах даьлла дош,
Хьо вуохо гур бинчу хIилланчел эшна,
Хаьрцича хьан гIуллакх, кхачадеш гIора,
Йуха вуолало дIакхехьа йуьххьера.

Нагахь хьан де тоахь, мел доьлларг цIийха
ДIакхехьа, хьо даверг стоьла тIе тесна,
Мел долчух хаьдча а, йух-йуха долош,
Ца кхоош хIумма а хиллачу санех,
Нагахь дог, синпхенаш де эшна дисча,
Iад санна вулалой, хьалхахьа теIа,
Ша цхьана лаамо хьехарна: – ЧIагIло!
Нагахь хьо пхьоьханахь билгала висахь,
Паччахьо тIекIаварх, халкъаца уьйр йазош,
Адамийн ойланийн лиэрам беш Iелахь,
Пхьоьха хьайна реза йан, корта ца теIош,
Къастаран йукъ йуста Iеминехь башха, 
Секундийн бараман деш пусар, ладам, 
Вайн латта дерриге хуьлу хьан долахь,
Цул сов хьо а хуьлу ша-башха Адам!


Рецензии