Е. Морозов

       Цхьа стаг вазварх               
ХIаъ, вай диэза дIадевллариш къасто,
Вайгахь дисна цара тоьхна сакхташ.
Эра даьккхи, динарг дийзи харцо,
Ваьш взвинарг – веза цахиларх кхеташ.

Амма хаттар-м хIутту: кхочур йарий
Пачхьалкхан урх, – шеца гIоьнчий бацахь?!
ХIан-хIа! И вазварехь-м массо кхии,
Шен-шен декъана урх д1айала цуьнга.

Стаг вазвараш – варкъ доьттина кортош,
Халкъал шу, къевссина, айалора,
Миска адмийн йоций хууш гIортор,
Шайн кога кIел, хьаьшна, латтадора.

Даржехь хьаьгнарш хир бу вайлахь даим,
Шайн замане сатесна кийча лаьтташ;
Мекха лаьцна неI дIайоьллу цара,
Керла тхьамдин цIарах г1овта лаьттахь.

Маржа, чим ца буьсуш, йаьгна, йац те,
Вай хIуьппалгаш ваьшна йазйина зама?
ГIаттахь, Даймохк, кхин ца божа лолле,
Шен кхолламан халкъ Iамош да хила!


Рецензии