Н, краснов

    Аьшпаш   
Хета тарло сан кхиэл шуна буьрса,
Алаза Iе-м сан бакъо йанне йац.
Аьшпаш сакхтийн нана хилла буьсу,
(И ненан бакъ ц1е царах иэйар дац).

Масалш? Уьшша-м долуш ду, мел оьшу:
Цхьаммо аьшпех йуьйгIи т1ек1ел гIишло,
ХIусмийн чоьнаш – бIаьрла, элийн петарш,
Йуьзна зовкхах аьшпийн кийтарлоно;

ДIо кхин цхьаъ ву, буьйлина тIуз, даржехь,
Йеш куралла шен ирсе кхаж балар.
Къилахь ларац цо йукъара шуьнехь,
Шена алсам кад буттуш дIамийлар.

Даржой, хьолой марздой маларш мийлар
ТIамарх йулуш, йаьржа-кха цуьнан хьу,
Куралла йуссу цу хьаькамийн кийра,
Адамаллин ца буьтуш цу чохь су.

Масалш шорта гурду сагочунна,
Уьш кхин д1а а далор хир ду эрна.
Чот йалац церан дахарехь цкъачунна –
Хьесапца бац иэлуш аьшпийн х1ур.

Цхьаболчара сонта амал лоций
Цара аьл-аьлларг магош хестадо,
Шайн са тедан, аьшпийн дакъа боьлхий,
Царна тайначу  хьолехь дIанисло.

Синтем бойуш, дуьне дуьзна пуьтех,
Цара бен бина адмийн дегнашкахь.
Кхин дIа царна вай некъ маьрша битахь,
ЧIагIлур бу уьш хIора а хIусамехь.

Вай-м къовсамехь шайхел тоьлла наггахь
Д1а ца луш царна цхьана дешан са,
Цхьа хан йаьлча, хуьлуш къера дагахь,
Гуш ваьш латийна йуьхьдагаллин къа.

Вуонийн хьоста даим аьшпаш хилла,
1емина уьш бакъдолчунах терса,
Туьшахь дуьйна дохо церан хIилла,
Тийжа царна тангIалкхийн муш-аса.

И  дан барт бац, аьшпех дийларх зиэнаш,
ПIендаршна йуккъе Iиттарх цара урс…
ЛадогIийша, вай зама йу цомгаш,
Леткъаш, хилла сонтачу белхин човс:

« Адмаш, дайийша доь пуьтийн! – бохуш, –
ЦIанлойша царах, хIаллак ца хуьлуш!»
               
 Тийналлин дуьхьа

ТIеман къекъар дайна
Тоххара къарлуш.
Кхин дIа вайн Эскаран
Къилба ду Машар.
Го кошара гIуьттуш
Хьалхара маршалш:
Блюхер, Тухачевски,
Дыбенко, Якир.
Цу Чиллан баттахь ша
Йаларна  гуча,
Дуьне довза доьллачу
Дийнахь дуьйна,
ХIоъ-молхина
Аганахь кхаж баьлла,
ТIеман некъаша и
Толамца зийна.

ДIаьндаргийн цу дарцо
Цоьстуш ЦIен Байракх.
ТIемалойн цIий тIехь
ГIулчаш хьалха йохуш,
ЦIен Эскар г1оранехь
ЧIаг1дели болатах
Граждански тIеман чIир
Вовшашна йоькхуш,
               
ДIадаьлларг, рагI йоьгIна,
Схьаоьхьу хено:
Маннергейм «вал» бохор.
Хьасана-Iам,
Дуьненан шолгIа тIом –
Генара шераш, –
Эскара-м бIе шо дац
Кхузткъе итт дузарх.

И-м хIинца къона ду
ГIеметта хIуттуш,
Бина некъ ца тарлуш
Шерийн мур къаьсте.
Бац барам йуккъера
Доьналла дуста,
Дилларах Iадате,
Уставан кхиэле.

Оьртхан колл къанлуш,
 Ма уьду шераш,
Лелхачу герзе и
Ца йаккхийта бух,
ХIумма ца хилийта
Дахарна новкъа,
Х1ара Латта Маьрша
Малхе хьестийта.
ГIаролехь ду лаьтташ
ЦIен байракх кIеллахь,
Октябран бIаьхойн
Берийн т1аьхьенаш.   
               
                Чиллан  бутт 
Чиллан бутт бегашна ца бели карзах,
Кхолламан батте дера бехкаш дохуш:
– Дорцан иллешка-м ла ца дийгIи ахьа,
Ца тара хьуна уьш? Хьаьхира угIуш?! 

И муха мегар ду, сан ваша, иштта?
Ткъа аса-м... сайга аларций, дIайолош,
Мах, бол йа хаттар-алар доцуш, нисйо
\Кхолламчунгара мел йевлла «сакхталлаш».

Цкъа малх къогуьйту, жиммал дерриг Iехо,
Йуха кхоларшца туьйсу месала ло.
ГIуре кораш кечдойту, жIамар озош,
Йа кIайн полларчийн той арахь доладо.

Дорцан хIуьрлахь аре а йаьлча йайна,
Хьовзуьйту, шело чIаг1йбарца, шайтIан мох;
– Хилахьа, Чиллан бутт, букъ тоьхна вуонна,
Йаккха йукъахьаьвзина ачонан дохк!

ДIалеIа дезар ду, тIекхаьчна зама,
Шелонан чIагIаллин, урх узуш йуха,
Хьан гIуро-м хIинца ло, датадеш, хьаьшна,
Ткъа Iаламо бIаьстене оьхьна шен йуьхь.

           Хьиэжар               
 ГIаргIулеш дIайаха,
ДIахьаьвдда йовхонна тIаьхьа,
(Абаден терзан тIехь
Замано йо чот шен хенан),
Мошарчийн цIийза дай
Йийшина Iачу цанашлахь,
ГIелделла хи ду тийна,
Амма вайн хьаннашкахь денна:

Йогуш го, кIур боцуш,
Дашо бос иэбелла цIераш,
Лаьтта тIе йиэгайеш
Овкъарийн Iаьнаран шаршо;
Стигла йу тахана
Iаьржачу корталех хьерчош,
Шелйелла, боданехь
Кхолийна йуьхь сирла хьежар.

ГIайгIане ойла йеш,
Кхийдаш ду шовдан чу мехаш,
(ХIун гур ду те царна
Шийлачу Iай дорцан некъахь?)
Уьш хьоьгуш хетало,
Гой муьргийн* кхозу ал хIоьънаш…
Къена къохк* ду «ахI» деш,
Мохо ша дожадар Iеткъаш.

Го зама хебна Iаш,
Цу стигла дIахьежош денош,
Ло тосу мур кхочуш
Меттах-м ца даьлла те Iалам?
Йа тховса, йа кхана
Пошмечу гаьннаш тIехь йекаш,
Хьийзар йу чIегIагаш,*
Йитаза тем байна амалш.

               Сирла эшар
Декхнийн гурех хьерча маьлхан зIаьнарш,
Буьйса йоьду бакъо тесна шен,
Хьох, бIаьстенах – тийналлина Iенаш,
Безам балхош кхойкху зарзар соь.

Наб озийна, шен хан текхи мохо,
Некъаш толлуш тесна хьуьнхах го,
Сеналлехь тоьй, суна йуххе лахлой,
Хьоьрсу, тIам байбелла, аьхна хIо.

Наб ца кIордош, тхи бацалахь Iуьллу,
Сан лар йоьду зевне шовдане,
Малхо, къежаш, зIаьнарш тхилахь йуьлу,
Вайн безамна доьллуш керла де.

Йухаъ суна тIоьхла, хьуьнан хотехь,
Зарзарийн йиш йаьржа тийналлехь,
Къохкан гIаша йохург хьан цIе хетта,
Лаьтта со, дог-ойла ийна хьох.

           Даге ладоьгIуш
 Со аьрха бер лоруш хилла жимчохь,
Дац и харц, ткъа  кIилло хилла-м вац –
Сий ца бехди, хьийзаш аьшпийн кIуьрлахь,
Бепиг, туьхий ду сан цунна теш.

Шалгуо мотт берш хетта цIармат, дастам
(Цхьаволчо-м шен кхиъмаш цаьрца бо),
Ас дуй биъна, церан хIилла даста,
Дуьхьалбовларх, уьш гулбина бIо.

Цхьаволчо-м бехк боккхуш ала тарло:
– Хьайн гIайгIанаш кIезга йу те хьан? –
Шалхончашна йеш къамелехь дуьхьло,
Ас-м ца оьзна дуьхьал турс йа цхар.

Дахаро лахь къизчу кхоан шело,
КIелонгара йожош дера топ…
Даго дегIе олу:  «Гойтуш гIело,
Бех ма йелахь со чохь догу ботт!» 

Дахарехь дог лоруш некъан къилба,
Тешха тоьхнарг аса-м хийла лай, –
Аьтто лоьхуш жимчохь со ца Iийна,
Харцонах дIах1уттуш дозу тай.

Цундела, ца лоьруш хилла чевнаш,
Багар бац ас Iийжа бисна муо,
Цависарна къовсаман цIе йайна,
Берахь дуьйна хилла тийна буо.

           Хилалахь доттагI!
Курантийн цамзанаш гIушлакхехь нисло,
Даима зама йу йеш хенан чот.
Шортачу лехамийн къайленийн йистош,
Йасталахь, Керла шо, делош тхан дог!

Хила къинхетаме, нуьцкъала хьаша,
Ширачу шеран урх дIаоьцу да.
Къонделахь латта ахь, луш ирсан кхача,
Кхерамийн дарц тиэде йаккхале са!

Охана ца гинчохь бай тIекIел тоьхна,
Адмашна техкийта ахь йалтийн хIорд.
Хилийта догцIена, комаьрша, аьхна,
ХIоранан дахарехь кхолламан лард.

Керла шо, реза ду тхо хьуна тахна.
ТIеоьцу оха хьо, йаьстина чет.
Даздаран тхан ловцарш ахь делахь аьхна,
Басталахь, вас эккхош, кийрара шад!

Белхан гIар йекийта, тIом эшац тхуна.
Дог тешна дигалахь кханенга тхо.
Хьуьнаре ницкъаш луш, лардойтуш Дуьне,
Тхан доттагI хилалахь, хIай Керла шо!

                ХIунда?
Моттарна сайгара безаман дагар
Хьаьрчина Iаламах, адамех алссам,
Веха со,чекхдуьйлуш уллошха дахар,
Ца кхачош даима сагатдар, къовсам.

ТIаьххьарчу кху муьрехь кIадвелла къийса,
Вели со йуьстаха гIайгIанийн чолхах.
БIаьштиге ов детташ, дог карзах хьийза.
ДIатоьттуш ма-хуьллу, хетарехь, хьалха.

Ца кхета со мича йа хIунда воьду?
Йа веха хьанна, йазйеш хIара байташ?
Латкъам бан ца оьшу – тIаьхьа ца вуьсу,
Мел хилларг кегадеш, ийа дIадевлларш:

Чекхдаьлларг – и цхьаьнгге дерзалац йуха,
Бахьна дац даккхийчу синошца текъа.
Веха со, дIауьдуш уллошха дахар, –
Цу чохь со-м хиламийн – гIамарган тIеда.

                Сийна дой
КIайчу мархийн кхесех хьерчаш,
Уьду сийна дой,
Мохо шен деналлин эшарш
Лекха йолайой.

Тийна регIан дукъал тIехьа
Уьдуш хета дой.
Церан марахь садаржаро
Iуьйре декъалйой.

Дой ду, синтем байна, терсаш,
Хазош йилбазмохь.
Цаьрга лакхахь йеш тIекренаш,
ЗIаьнарш хьовду охьа.

ХьалагIоттуш малхо хьоькху
Лаьттах ховха ка.
Зударийн горга, кIеда белшах
Ша хьоькхучуха.

Шах дашазчу лаьмнийн баххьех,
Даккъех хьоькхуш мотт,
(Малхал, кхин сов, тIалам бина
Лаьттан хIумма дуй?).

Богу иза стиглан панахь,
Хьош долаллин той.
Абаде йерг толлуш лела,
Цуо-м дIахецний дой.

ТIехтуьлушшехь кхуьу иза
Хьаста беркъа хиш,
ДIабузехьа керча кхана
ГIатта гечехь шен…

…Адамийн дахар цунна ду те,
Доцуш бахьна кхин?
Iожаллица къийсалуш бен –
Йаста гуттаре.

Йалтин иллийн мукъмаш бовза,
ГIоттуш маьлхан хIоз,
Ло те дахаро шен лазам
Бахьа доцче заз?

Йа садаьржаш стиглан Iаьршахь
Баьржаш тхинан бос,
БIаьрг тоххал мур луш бу теша,
Чот йеш ремин дас.

        Цу тIехь  ойла  сецна!
Кхо тIом бу сан иэсо къиза лайна,
Цара сан са, чахчош, мерцина.
Хийла ненан кIант доь доцуш вайна,
Нускалша дIа безарш боьхкина.

Кхо тIом суна тIехь шайн эра доккхуш,
Бели чевнийн лазарш дохуш чекх.
Даг чохь цкъацкъа ас ладоьгIча гIотту
ТIеман гIовгIа – тем бодуьйту айкх.

Суна наггахь хетало со-со а,
Кхойкхий, гIаттош бIаьхойн зурмано.
ТIаме хIуттий, лета Хьасан-Iомехь,
Заозёрни цIанйо самурайх.

Цул тIаьхьа сов марсадолий летар,
Маннергейман чIагIо йохий ас…
Русь коьллашлахь мостагIех цалечкъар
Хено чIагIдеш, масалш дина теш.

Со ца Iовжош йаха амал дацара
Брест-ГIап аьтта Iуьйре, детташ даш,
Цундела со виси ЦIейоцчаьрца,
Ваьгна цIергахь, доцуш вижа каш.

Орца доцчу экам берал дуй те,
ТIамна кIел хьарчадан атта цхьа?!
Ца хилла со Вена, Берлин йоккхуш, –
Лайна беллачарах  къаъхьа кхаъ.

Хезна хаъмаш Совинформбюрон а,
Декаш Левитанан къора аз…
Къанвелла со – шерийн мохь ца байло!
Чевнийн лазарх къастац некхан ваз;

ЦIий Iийдалуш йоьхна го Iуьйренаш,
Бисна жеройн хала ду бIаьрхиш лан,
Тем бохьуш дац таханлера денош,
Гал хIума дацарх дегбаамаш бан.

Чолхе дахар уьду болар лаьцна,
Дерригенна-м реза со а хир вац,
Амма цхьаъ-м ду (цу тIехь ойла лаьтта):
ТIом боцчохь бен исбаьхьа дахар-м дац!

             ЧIегIагаш
                (басня)
Каде шина чIегIаго, боьлак а Iадош,
ГIаттийна гIовгIа йухадIахIоттор хьиэхош:
«Дог хьостуш ма тамехь кхаъ бу-кха, тиэшахь!
Со-м со а йара оцуьнга сатесна.
Вай а ма деза хийцадала тешна а.
ХIун дан деза хьехахьа, чанталшна цIе тиллина нана,
Корта хьийзаш йай со-м, хьекъалах эшна», –
Уллохь, диттах зIок йетташ, хьуьхьйоьллачу
ХенакIуро кхуьйссу цу йукъа шен дешнаш:
– Суна-м, хьаха, хаьа, шуна хIун оьшу –
Сирла басар – Iаьржачу хьоькхнех дIакъаста!–
Вовшех дагайаьлча, сацам бо цу шиммо:
Сахуьлушшехь талла хьелийн ферма;
Барт бо: циггахь кIайчу басе догIмаш дало,– 
Лийча хIуьтту, карадой тIо чохь черма.
Зовкх-йаI! Ма йоккхайе кIаййелла ши хьаша,
Хеташ шаьшшиъ востехь а хийцайелла.
ХIара шиъ гича, боьлак инзарйолу,
Олхазарш ловцарш кхарна хIуьтту кхийла:
– ХIай доьналла-йаI! Хьо исбаьхьа хазна!
Шу-м девзар дац шайн  дена йа нанна!–
Масал эца, даржашна уьш хьакъ лору.
И синкъиэрам бохош, къийго Iоттарца олу:
– Бос-м кIайбелла – амалш йисна шира!–
Дахарна бен а боцчара дуьйцу, детташ цIогIа:
«Буххера йухадинарг ду-кх – товш, хаза!»
Ткъа шайлахь-м цара тIоьхле бен ца хуьйцу,
Амалех хуьлу – гали чохь лечкъийна цамза!

              Хьан  бIаьргаш
Тархийн къорга Iинан чIожан тIодехь
Iалам – ненан кийрахь кхоллалой,
Мархаш, мохо лоькхуш, тIеттIа Iовдий,
Шайн латкъам беш, догIнах Iийдало.

ЛадогIарехь тийна йоьлху аре,
Стигла цу чу йужуш хетало.
Сирла тIадмийн кIиэжехь аьзнаш оруш,
БIаьрг хьожийла къиэлой, са бIарзло.

ДогIа соцу, Iовраш хьош басешка,
Татолаш деш, уьду хин гIоде.
Стигла, куз шех хилла, бецан басахь
Лепа хIоьтти, йеъна куьг кховде.

Анехь къиэда малх а, шеха гIоттий.
Мархаш лохкуш, цIийбо стиглан го,
Баьржа, лаьмнийн баххьаш мара лоций,
Тайна стайрийн, меънийн мерза хьо.

Цхьаболчарна-м сонта хета тарло,
И моттарх-м дац цуьрриг хьесапе.
Суна-м дIацIанлушшехь стиглан пардо,
Го хьан башха бIаьргаш, самукъне.
      
                Сендаргаш
Некъан йистош маршайоху царах,
Къух ду, бохуш, дIацIандо вай ардаш,
Йац уьш бIаьрла, чалх – зезагийн арахь,
Тера мехкарийн бIаьргех сендаргаш.

Сий дайинчу церан цIанон дуьхьа,
Царна тохку цIераш йемал йо ас.
Безам лаьтта цаьрга, хуушшехьа
Доций дуьхьал дека безамца аз.

И безам ас ларбо, лиъна сайна,
Iуьрре бецийн Iаьнарх бузо кийра.
Тхилахь догуш ду кIегарчий сийна,
Биллгалла, уьш Россин сих д1аийна,
Лаьтта, эгча, шайх – сендаргаш хила.

            БIешеран амат
Вайн бIешеран ду шен башха амат:
Маса болар лоций пурхахь дуьйна,
Тергал ца беш аттал Iийсан хьехам,
 Наха шайлахь къастош керла «дела».

«Эхартан гуохь» Дантен суьртех терра,
Дахаро вай чехош, йетташ, луьтту.
«Базбинчарна» сужуд до вай денна,
Амма белча, хIуй кхайкхо д1ахIуьтту.

Вай-м ирс кхолла 1еми кегийн цуьргех,
Тоам бина мискъал-зарраталчух,
Ган ца туьгуш: хIинцалц динарг сужда,
Хилар вайлахь гIаьттина кхн Иуда.

ХIун дер хIинца, йемал вийр ву хIора
Вас, чIир хьиэйеш, шаберриш беш хIаллак?–
Дог Iабош уьш, бехбеш, бохуш Iора,
Царна тIаьххье йазйиэш керла хIуьппалг.

ЦIармат, нажжаз дина хилла хьолах
БIойттазлагIа доккху туьйра ваьшна,
«Дела» тарлой, вай-м б1ог1амна къайлах,
Сужуд до, гуш цуьнан телийн маша*.

Керла бIешо хийцамца тIегIерта,
Вай «айбинчарна» тIе нехаш хьокхуш,
Вай мел дийцарх, даим хир ду иштта,
Халкъ – да дацахь шен кхолламан некъахь


Рецензии