М. ю. лермонтов
К***
Ма йе ойла, со мискачех хетий.
Вац! Сан иллин дешнаш пошме хиларх;
Дог кхиарна хуьлу со холча х1уттий,
Ларвала лиъна тIегIертачу балех.
Къона хиларх бу сан даг чохь мукъмаш,
Байронан дарж лиъна сайна кхача;
Тхан синош ду болуш цхьатерра лазмаш,–
Кхолламийн хир дац теша тера дакъа!
Байна синтем, цо чух лоьхуш маршо,
Лелла берахь дуьйна со, догуш дог.
Безам хеттара, мохца хинан хорша,
Хьийзачу лаьттахь, стиглахь дорцан шок.
Лоьху, цо чух, синтем эрна сайна,
Ойла цхьаъ йу - массанхьа а кхачош:
Йац дегайовхо гуш хьалхахьа сина,
Ткъа т1аьхьадиснарг ду кийра ц1е латош.
К**
Мацца цкъа хьуна тIе хабар,
Сан цIарах хаам беш, кхачахь,
Йемал деш со вина сахьат,
Дуьненан эханна гергахь.
Вехаш со адмашна йукъахь,
Уьнехьа берзахь сан кхача,
Цхьаьнненан безам ца бохбеш,
Ца кхоьруш цхьанненан ачох;
Байттамал, сан дегIах шаьлта
Чекхйалахь, дагалоцур-кх ахь,
Къаьстачохь ас хьайга аьлларг –
Цахилар ойланашна даьсса.
Амма цу безаман сиркхо
Суна бен кхетаза хиллехь,
Хаа ду, тешна, Коьллинчо,
Хьо садетта ца йинийла йешшехь.
Седа
Лакхенгахь го
Богу седа;
Сан хьажар ду
Доьхуш цо дIа;
Ойланаш шена
ТIеуьйзу,
Шен ирхонга
ДIавоьхуш 1а!
Цунах тера
Ховха хьажар,
Кхаьрдош сан,
Кхоллам дезнера,
Цунна сан Iазап
Ца гора,
Седанал
Генахь хиларна.
БIаьрг набарна
Товжор доцуш,
Дог шийла ас
И лардина.
Д…га
Хьалха ма-хиллара хилахьа соьца,
Алахьа, х1ай, соьга цхьа дош мукъане,
Цу чохь мукъна карор дац теша сина,
Хаза лиънарг шена хьалхенгахь дуьйна.
Нагахь сатийсаран суй некхехь биснехь,
И летта денбала там бу сан даг чохь,
Ткъа нагахь хьал бIаьргех хи доле далахь,
ТIадамех догIан оьгур ду уьш охьа.
Нислахь хьан къамелехь дешнаш дог кхоош,
ТIеIаткъам бо цара ницкъ алсам боккхуш;
Дагна там бо цара шовкъаца г1аттош,
Цхьаберш-м царна шийла бу бен д1а боцуш.
Тешахьа, хьомениг! Хьан дашо шийла
Г1илкхашна хьан сибат, мел гена д1ахьо,
Лаьхьанан дIаьвше мотт хьакхбелча шайха,
1еса куьг зазан жаззашна нажжаз до,
*** .
Лазаме, ирча бу ден, кIентан кхоллам,
Дахаро къасторна, вовшеха хаьддехь;
Эккхоран кхаж кховдош, тIехьаькхнехь къолам,
Хьомечу Даймахко, цхьаъ хийра хетта.
– Сан да, ахь кхочушди хьуьнаре гIуллакх,
Айхьа сатесначу Iожалле воьрзуш.
Хьайчунах теме йойла-кх Дала чаккхе,
Ахь лайна Iазапна хиллачух бехке.
Ахь-м суна гечдийр ду! Со ма вац бехке,
Наб йойуш хьийзарна аганахь дуьйна
Сан дагчуьра цIе, Кхоьллинчо латийна,
Гушшехьа и йагар пурбанца Делан.
– Ма эрна хилира къахьегар церан:
Вовшашкахь цабезам ца гира вайна,
Вайшинга кхаьчнехь а баланийн дакъа,
Кхиэлахо вац со хьо бехке ван цунна!
Йемал во хьо гуоно. ХIун гуо бу иза?
Дог дера йа дика адамийн тоба,
Хастамна хьакъ боцчийн барт хилла тоба,
Питанех, кураллех йоьттинарш кхоьба.
– Доьрзу хIусаман хIо ду царна гена,
Ахь-м латта дицдира, лаьтто хьо санна;
Сол ирсе хили-кха хьо – хьалха хьуна,
Абаден гуттаре йеллалуш гарна.
Йу иза-м йустарна барамза кIорге:
БIаьрхишца сагатдеш дайначу денойн,
Мел хилла дегбаъмаш, йицйойтуш хIинце,
Дахаран къахьонех кийра дIацIанбой;
ГIум-арахь санна, хьайн даг чохь ахь лехна,
ТIехтиллла синхаъмийн, ойланийн кескех.
Со хIинца хьалха чух везий те хьуна?
ЭхI, делахь и иштта, гур ду вай кестта!
Хьох хьоьгуш хьежарх со сийначу стигла,
Сан дахар ду хIинца доьзна кху лаьттах;
Цахиларх со кху тIехь там, ирс а хилла,
ХIетте со лууш-м вац кхунах дIакъаста.
Хин-Аьзни
Хин-Аьзни йогIура нека деш хи чохь,
Нур-дато цу батто къагийна ша;
Хин тулгIе батта тIе гIерта и кхачо,
ДIалестош стигла ирх чопанийн тха.
Дов дечух керчайеш, техкайо хино,
Шен куьзган чоь къуьйсу, йаржайеш мархаш;
Хин-Аьзнин, дош ховха, зевнечу эшаро
Мокхазан хин бердех довлуьйту бIаьрхиш.
Эшарехь боху цо: «Со Iачу бухахь
ДIаоьху аьхналлехь самукъне денош;
ЧIерий ловзу дашо бIаьвнашна гонах,
Балуран, махмаран го шахьарш, цIенош».
Къиэгачу гIамарийн назбарш тIехь вижна,
Цу эрзийн дуькъачу IиндагIна кIеллахь,
Iа Турпал – эмгаре тулгIенийн йийсар,
Набарха ца волуш кху хин кIоргенехь.
Чилланан месаш шен буса самсайохуш,
Безамца тхо цунна гонаха довлу.
Малх делкъе баллалца барташ а дохий,
ХIораммо доггаха и маракъовлу.
Тхан довха барташна, ца хаьа хIунда,
Ву и синхаъмашца бен доцуш, шийла;
Наб йо цо – некхе шен товжабарх корта,
Хийцац садеIар, ву гIенашна тийна.
Сийна хи тIехула Хин-Аьзнин эшар,
Сингаттам боссабеш, тийжаме йаьржа;
Челакхчу хиэ, тахкош, тIедоьгIна хьажар,
Мархаш шен куьзган чохь хьоьстуш ду маьрша.
К**
Осала гойтур вац со хьуна хьалха;
Маьрша хьан тIекаре йа Iиттарш кхин,
ЦхьакIеззиг урхалла йац деш сан сина,
Билларна йуккъе ахь херонан зил.
Ма дицдина-кха ахь: паргIато аса
Хьох Iехаваларх дIалург цахилар;
Тоьур ду вуьшта а сан дайна шераш,
Хьан бIаьргийн схьахьежар т1ех тергалдар.
ХIун хаьа, вай цхьаьна Iаш ихна мурсташ,
Оьгуш хьан когашка, ирс лехна хан,
Беркате похIмина эшам беш хиллий!
Хьоьгара хIун йуьхькIоман ийци ас йал?!
Тарлор-кха Стиглано кхоллам нисбина,
Син къобаллонна соь боссийна ницкъ,
Инзаре совгIат соь дойтуш дуьненна,
Лензалле со кховдо, ца вайта виц.
Сел ховха дог кхоош, ахь хIунда теший,
Шайерриг сийлалла хьайца йу мотта;
Хьо хIунда ца хили йуьхьенца дуьйна,
Эххар ахь эцначу куц – хьарам суьрта?!
Йахь йу сан!..Гечделахь! Кхечуьнга кховдий,
Цунна хьо йезаре сатуьйсуш Iе;
Дуьнено мел зиэрах, хийцам беш хьелийн,
Хир вац со тарвелла сий дайначех.
Хийрачу Къилбенан стигла кIел ломахь,
Хьох хьулвала там бу-кха со кестта;
Вай-м кхиънера мелла чул чукаре довла,
Йукъара уьйр йовш, дIаса ца къаста.
Са Iабош, зовкх хьоьгур кхул тIаьхьа аса,
Мехкаршка безачух хоуьйтуш дог;
ХIоранне вовзуьйтуш къегинчу вастехь,
БIаьрг белхош, цхьанне сайн ца доьллуш дог.
ТIекхаьчнарг Iехор йу, шайтIанца тайна,
Кийрара эккхор бу безаман суй;
ХIун аьлла хир ву со зударех тешна,
Малико къарбича тешаман дуй.
Со-м кийча ма варий бала лан, вала,
Дуьнене чIир хьееш, дIакъайкхо дов;
Наха чул, хьан сий деш, куьг лецна кана,
Байттамал, йорт йитти-кх ас мелла сов!
Ца йевзаш хьан йамарт, мекара ойла,
Хьан дола даьккхира сайн цIена са;
Йацар те, сан син мах, хадо хьо охIла?..
Хьо-м хилла! Ца хилла-кх – хьо йоза со!
Туркочун латкъамаш
(Кехат. Махкара воцчу доттагIчуьнга)
ЗIаьнарша тов хьийзош, акха мохк бевзиний хьуна,
Хьаннаший, ареной маргIала, беса заз доьллуш?
Бендацар, китарлой йацайеш, ачонан хьуна,
Бахархойн дегнаш а синлаъмехь карзахадовлуш?!
Наггахь тIулгал онда, шал шийла хьекъалаш нисло,
Ткъа царна, ницкъ гIелбеш, хеназа бала тIебазло,
Цо хьалхе дIайойу цаьргара диканийн алу.
Адмашна шайн дахар цигахь, сов хьалхе, дазлуш ду,
Синтеман хан хьаьшна, лелаш бу цхьа Iоттабаккхам,
Цигахь ду цу лоллин Iазапехь узарш деш адмаш,
Сан доттагI! И ду-кха сан латта, сан хьоме Даймохк!
ДоттагI\, нагахь хьо ас дечух кхеттехь,
Маршоне кхийдарш гахь, ма билла бехк;
Аьшпашка хьулдайтарна бакъдерг:
Дукхадерг хуьлу доьзна адамех!
КЪАГАЛАХЬ, ГЕНАРА Седа!
Къагалахь, къагалахь, генара седа,
Буса суна хьо гайта кхеталахь гуттар;
Хьан гIийла зIаьнарша боданах леташ,
Цомгашчу сан даг чохь синхаамаш цоьсту;
Ойлано уьш тIома хьан лакхех тухий,
Марша болу сан кийра, баланах байлой…
Гуш, алух дуьззина, хьан лаьтта хьажар.
Хьуна тIе санна, со цунна тIегIерта,
Мел дихкина хиларх, лууш цунна кьежа…
Тарха тIехь жIара
Кавказан чIожахь суна йевза цхьа тарх,
Аренан аьрзу бен кхочур йац цига,
Цхьа Iаьржа жIара гуора оцунна тIехь,
Йочанийц замано аг1ор та1ийна.
Дукха хан дIаихна гонах лар йоцуш,
Иза ган йоьлчхьана гонера раьгIнийн.
Цу жIаро ирхтесна хетало куьйгаш,
Стиглара лаца гIерташ ковра мархийн.
Маржа, цу ирхоне ницкъ хилча ваха,
Ламазехь доIа деш, ма воьлхур вара;
Цул тIаьхьа хиларна зIе йозуш лахахь,
Дорцашца вешийла ас тосур дара.
ДагайогIий те хьуна?
ДагайогIий те хьуна, вовшех
Вай къаьстина маьркIажа хан?
Суьйренца герз дийлар а хезна,
Дог карзахдаьлла ладегIар…
Малх керчина хан йу и бузе,
Буьрса долу лелхар герзан
Дов, йойуш гIар, бух боцчу кIорге.
Белхан де дайра, деш гIулкхаш,
Ас сарахь хьоьх лаьцна йо ойла,
Гезйо хинан йеса йистош,
Дуьйлучу герзех х1инца воьлла.
РоггIана, дIахьош церан гIовгIа,
ТулгIеша, уьш худий, къарйо,
Ткъа наггахь гIайгIано синтем хьой,
Цу гIовгIанца ван луи, воьлху.
Акхачу хьавхьенехь*
Акхачу хьавхьенехь ша а цхьаъ лаьтта
Есачу ирхонца бага,*
Оьгучу лайн хIуьрлахь, техкарехь тхевса,*
Хьарчийна кIайн дарийн оба.*
ГIенашкахь го цунна гIамаран пане,
Малх къежий, йелалуш гарманан* хьарма,*
Боттучу чкъари тIехь, гIайгIане, тийна,
Маьлх-Аьзнех хьалакхиъна исбаьхьа пальма.*
Свидетельство о публикации №124082506864