М. ю. лермонтов

       
                К***    
Ма йе ойла, со мискачех хетий.
Вац! Сан иллин дешнаш пошме хиларх;
Дог кхиарна хуьлу со холча х1уттий,
Ларвала лиъна тIегIертачу балех.

Къона хиларх бу сан даг чохь мукъмаш,
Байронан дарж лиъна сайна кхача;
Тхан синош ду болуш цхьатерра лазмаш,–
Кхолламийн хир дац теша тера дакъа!

Байна синтем, цо чух лоьхуш маршо,
Лелла берахь дуьйна со, догуш дог.
Безам хеттара, мохца хинан хорша,
Хьийзачу лаьттахь, стиглахь дорцан шок.

Лоьху, цо чух, синтем эрна сайна,
Ойла цхьаъ йу - массанхьа а кхачош:
Йац дегайовхо гуш хьалхахьа сина,
Ткъа т1аьхьадиснарг ду кийра ц1е латош.
         
                К**   
 Мацца цкъа хьуна тIе хабар,
Сан цIарах хаам беш, кхачахь,
Йемал деш со вина сахьат,
Дуьненан эханна гергахь.
Вехаш со адмашна йукъахь,
Уьнехьа берзахь сан кхача,
Цхьаьнненан безам ца бохбеш,
Ца кхоьруш  цхьанненан ачох;
Байттамал, сан дегIах шаьлта
Чекхйалахь, дагалоцур-кх ахь,
Къаьстачохь ас хьайга аьлларг –
Цахилар ойланашна даьсса.
Амма цу безаман сиркхо
Суна бен кхетаза хиллехь,
Хаа ду, тешна, Коьллинчо,
Хьо садетта ца йинийла йешшехь.


Рецензии