Гипардан байташ

 

Ахьмад-Хьажа – воI я гIортор онда
Нохчийчоьнан нийса некъан къилба!
Зулам къардан Дала велла тхьамда,
Бакъо толо  нанас дена вина,
Ницкъ болчун лай, кху ламанийн Эла!

ЙуьхкIайн, тоьлла, вайн орцахо, баьчча,
Фашизман ун доьжна Дезчу Дийнахь
Толамца хьо кхечи Делан Iаьрша,
Гуттаренна Нохчийн йохьах ийна,
Ницкъ болчун лай, кху ламанийн Эла!


Рецензии