ТIаьхьара тасадалар

ГIайгIане гуьйре дуьйхина т1е Iаьржа,
Эгначийн кешнашкахь ша-шена тийжа.
ЦIийх ийна лаьтта тIехь сира дохк даьржа,
Бисинчу зударийн кIозарел къоьжа.

Шайн кестта хирболчу толамах тешна,
ЧутеIа мостагIий ловзарга санна,
Ж1аьлийн угIарехь шайн эшараш йаьхна,
Хетарна Сталинград шайн дола йаьлла.

Днепр, Дон, и ши хи мостагIашна диси,
ГIоба-хи шен бердаш ца девзе долуш,
Буьрса Терк оьгIазе гIум тосуш дисти,
Мокхазан бердаш тIехь мостагIий отуш.
               
Идал-хи тIехула баьржира кхерам,
Ткъа халкъо йо чIагIо ларна къизалла:
Йухадовлар цхьа гIулч деш шена хьарам –
Цул тIаьхьа гIотту Русь чIирана тола,.
               
МостагIчо мел динчу зуламийн бекхам, –
ЦIий Iенош дагийнчу зударийн, берийн,
Хьомсарчу Идал-хин бердашкахь доькхуш,
Схьаэца болийра мостагIчух дера.

Исторехь дац масал, Сталинград санна,
Къизаллин доза деш, барамца дуста.
Цу денойн «Иллиада» йазйан хьанна
Хуур ду, цунна-м шенна – Гомер оьшу?!

Историн агIо йу вайн гIулкхийн могIа,
Къовсаман хIора сахьт ду толам кхиош.
Ханпашас толаме сатийсир чIогIа,
Маржа йаI, цунна ца ги-кха и денош!

Дера схьадеттачу даш-дорца кIелахь,
Фашистийн кхаж баьлча, Iожалле кхача,
Эсаран цу баттахь Сталинград-гIалахь
ТIаьххьара тIеман дов дийзи тIелаца.

Уьдура мостагIий, ловчкъийла йайна,
Фашистийн букъ кагбеш хьаьвзира бала.
– Накъост сержант, хьан ког бу-кх чов хилла!
– Салти, хьо лач хьоьжу, верзал дIа хьалха!

Гой хьуна, цIийелла толаман Iуьйре,
Вайн къаьмнийн хиндериг къастош ду хIинца,
Къийсамехь вайн дахар, далар ду нуьре,
Олушшехь, Iожаллин дIаьндарго лоцу.

Догучу лаьттехьа таьIира корта…
ХIун дуьйцуш, хьаьнга лоь кхиъна кIен эшарш?
– Хьуна хIун хили теша, накъост сержант!
– Ма воха, бIаьхо, пулемет тIе шарша!
               
Цу маьлхан йовхачу зIаьнарша хьоьстуш,
Къевкъина довха де дара аьхкенан,
Кхин ваха ма кIезга йисна миноташ,
Кхоам бу-кх валар берхIитта шо хенахь!

Дахаран тIаьххьара къурдаш ду деза,
ХIоъ некхах боьллачохь, хIаваъ чуийза,
Мехала ду стиглан гуш дисна киса,      
Деринчу кху лаьттан буйннала гIорза.

Дуьне-м ша дерриг ду. И гIоттур вац кхин.
БIаьргаш чохь лиэтар йац челакха цIераш.
Стигланаш лешар йу дахкарлахь гIайгIин,
И вуьйцуш тийжар ду пондарийн мерзаш.

Виначу ламанийн йуьртана генахь,
Жималлехь дIавоьду дитаза декхар.
Даймехкан дуьхьа цо цхьана а хенахь
СагIа дан кхоийна ма дац шен дахар.

Сийна тIам кхуолийна хIуьрлаIан суьртахь,
Даймохк бу къоначу бIаьхочун коьртехь,
Ца бицбан чIагIо йеш, берзарх эхарта,
ХIара санна, шен дуьхьа дIабахна кIентий.

ТIехIуттуш, цо беъна бIаьргаш чохь безам,
Аганан иллин аз мукъамехь дека,
Куьг хьокхуш, верзаво набаре мерза,
ДIайазвеш Сийлахьчу шен кIентийн декъа.

Маса хIоъ, чахчочу эчигах бина!
Ахь гулйи, иэгайеш, гонаха къийгаш.
Аса-м хьо даъим мостагIна хьежийна,
Хьо суна, аьлларг деш, муьтIахь а Iийна.

ХIай шийла Iожалла, со вожий ахьа,
Довха дог шелоно дахьийна дели.
Ахь маьлхан де кхолош, бода тIебохьа,
ХIетте со хилла-кха даим хьан эла.

ЦIийн тIамарш тIехь йуьсуш, къарзйели бецаш.
ГIорасиз корта цо товжаби лаьтта…
Фронташа шийла кхаъ кар-кара эцца:
«Ханпаша вожийна! Дуьнене хаьдда!»   

Догучу кху оьрсийн лаьтта тIе тевжий,
Къовлу цо шеллучу шен дегIан мара.
Малхбузехь сийдаран байракхаш техка,
Къоначу дахаран кхачалуш оьмар.

Санитар тIехьийзар хIинца ду эрна,
Iуьллу и, нисвелла, гуттаре лехна,
Гергарчийн кхайкхаршна ву иза гена,
Дуьненан дезарийн синхаъмаш техна.

Йуьхь-сибат тайна ду, бац хийцам цуьрриг,
Iожалло ца хийци цкъоцкъамийн даржар.
Хетало, дегIаха са къаьсташ, дерриг
Цунна-м гуш ма хилла шен сийлахь кхалхар.
               
БIаьргех ца оьгура дуьра хин тIадмаш,
И Турпал дIавуллуш гулбеллачеран.
Толаман Байракхах айина валош,
Массарна кхочу хIусаме тIаьхьлонан.               

Бекхаман айамехь детталуш дегнаш,
Цу бIаьхойн некха чохь тIеман цIе йогу.
Лахьти чохь дIакъовлуш упханийн аннаш,
Коша тIехь тIаьххьара довха дош олу. 

Керлачу борза тIехь цIен тIамарш лиэтош,
Идочу алонгахь къагийна буьйса,
Гвардейски Байракх йу шен зIаьнарш лепош,
Кху кIентан Лензалла даима йийца.

БIаьхоша-вежарша каш тIехь йо чIагIо,
МостагIна чIир йоькхуш, шаьш толам баккха.
Ханпашин дахаран дуьненан агIо
Толамца кхачайан Лензаллин хьаьтта.

Нийсарой, шаьш хиларх гIалмакхойн арахь,
Цу Алтайн лаьмнашкахь йа тундрин шаш тIехь,
Диц ма де: и вожар, лардеш вайн дахар,
Йерриге а халонаш ловш шена тIехь.

ТIедогIу бIешерийн, хIай ирсе адмаш!
Шун йаххьаш къегаш йу, тIехь марха йоцуш,
ГIайгIане дац бераш, бIаьргаш дац доьлхуш,
Шун дахар ду иллеш самукъне лоькхуш.

Цу ирсе шу кхаьчна, Даймехкан салтий,
Къиза тIом эшабеш, летарна дера.
Белла уьш къоналлехь, доццушехь атта,
ТIаьхьенийн маршонна шайн са дIаделла.

И вели, байттамал, ца вехи дукха,
ТкъайоссналгIа бIаьсте неI йелла йоьлча,
Алахьа, Идал-хи, хьоь цо хIун эли?!
ХIун гIенаш ги техьа, хьо лардан  воьлча?!

Кху жимхин коша тIехь, хьийкъинчу байлахь
ХIун эшарш йохуш бу тем байна мехаш?!
Дахарехь диканца и хиларх бертахь
Йа мехкан маршонна шен са цв кхоош.

Заздоккху жималло, дицдина туьйра,
Туьйране ладегIа-м  йацара хьан – зама.
Хьан дахар самукъне цхьа илли дара,
Чекхдаллалц и ала ца ви-кх хьо лара.

ДIадели комаьрша цо шен цIий къуона,
МостагIца тIом бечохь вайн туоламна.
Лаьттар йу ца йухуш т1улгийн бIов санна,
Лензаллехь чIагIйелла цуьнан къоналла.

Ма доца дахар ду адмана делла:
Минотийн идарехь денош чекхлелхар,
Амма и халкъ ирсе дигаре хьовзош,
Къам марша даккхарна йовхо луш даьгнехь.

И санначарна ло халкъо шен иэсехь
Абадехь ца вицван дуьненан дакъа.
                Соьлжа-ГIала. I943 шо


Рецензии