Лен йоцу къоналла
Ханпаша чIагIлора сийлахьчу меттехь.
Некхан куц къагийна, кхоъ орден башха
Го гвардин лакхарчу чинан сержантехь.
Цуьнан цIе, тIам чехка олхазар санна,
Фронташкахь, йорт эцна, йаьржира маса.
Дуьйцура: и волчохь эккхац хIоъ, мина,
МостагIчун дIаьндарган ницкъ бац и лаца;
Цул сов и хIуманах озацавалар,
Атакехь накъостел ша валар хьалха,
БIеннашкахь фашисташ цо дера атар,
Даймахкахь вайн халкъийн даккха самалха.
Iаржделла, варкъ лоцуш, болатах амат,
ТIехьаьжча, чахчавеш ду алун хьажар,
Лараме чевнаша йазйеш шайн гIомат,
ДIадоьду, уьш бахчош, тIемалойн дахар.
Иштта а хуьлура: малх буза боьлла,
Йаржайеш цо цIоьлла генарчу регIахь,
Цкъоцкъамийн и ши тIам хебча, гулбелла,
Сингаттам хьодура къуоначу диэгIе.
Шен деган къайлахчу ойлане вужий,
Машаре, толаме, ирсе сатуьйсуш.
Овгарийн аренийн геналле хьожий,
Иэсехь шен Кавказ гой, бIаьргех хи тосуш.
ЦIеххьана тIом боьрзий, тийналла хIуттуш,
Лелхачу герзийн гIар геналлехь йуьжу,
Бехачу новкъахь цIеран суйнаш дудуш,
Поездо Ханпаша шен йуьрта вуьгу.
Сихло и цу лаьмнийн баххьашка кхача,
Хьомсара вежарий шен мара къовла,
Довха дош аларца церан дог хьаста,
Дай, наний хьахадеш, къамеле кховда.
Бераллин дахаре верза ницкъ хилча,
Ца Iебаш шен даг чохь сацор дара дерг:
Вайн маттахь аьлла дош, нийсаройн хича,
Дуьххьарлера безамна мел къежна церг.
ХIетте цхьаъ хаара – толам буй оьшург,
И баккха доьналла хиларца денна.
Кхуо шена боьттина тIеман кад кхоччуш
ДIамер бу Даймехкан толаман денна.
Кхуо шен дог доккхур ду некхара эшахь,
Граната санна, и мостагIна кхосса.
Хаара: толаман сахьт дуйла генахь,
И герга далорна дIахьош буй къовсам.
Нисдели-кх виначу лаьмнашка верзар,
И иштта нисдалар-м башха тамаш бац.
И кхунна моьттинчул хилира жерахь,
Кхуо даг чохь кхоьллинарг-м аьттехьа дац.
Ца вирзи, таьлсаш гехь, некъахо хилла,
Шен хьоме Аухан ховха буц хьошуш.
Вирзи и шех хилла Дозаллин Илли
Лензаллин Сийлалла Нохчийчу кхачош.
Даймахкахь хууш ду: ша дийна волуш,
Шен дегIах тIаьххьара дIакъастталц гIора,
МостагIех летта и, осала воцуш,
Iожаллин кхерамо ца вожош гора.
* * *
Накъостий эгарна, бIаьргех хи долу,
Чевнаша Iовжаво бIаьххаллин некъахь.
КIад боцург хетало, боуьйтуш бIагор,
Кху тIеман шолгIачу аьхкенан декъо.
И денош къаьхьачу дийцарех ийна
Лаьттар ду, вайн халкъан иэсан чов хилла,
МостагIий совцалац. Цара мохк хьийна…
Вайн бIаьхойн дегнаш чохь-м йац Iаьнан чилла.
МостагIчо дIалаьцна хIора дол лаьттан,
ЦIийн Iоврийн некъ хилла, гIертара тIаьхьа,
Мохь бетташ: «ХIай бIаьхой, шу муха хIитти,
ДIадаха, дуьтуш тхо мостагIна хьалхахь!»
Херцорех кIур оьхуш, ворданийн могIа
Кхоьлинчу Iуьйренца Малхбузе гIерта.
ХIусамех боьхначийн гIайгIанийн моха
Гулйелла бIаьргаш чохь, йазйелла лаьтта.
ДIадевлла даг чуьра самукъне денош,
Йийсаран каш чуьра кхойкхуш ву Тарас,
Толамца бекхамбар доьхуш Iа эгнарш,
ЧIир эцна верзаре хьоьжуш йу Кавказ.
Пулеметан ботт чохь дисна йалх лента,
Эскар йухадалар Ханпашас лардо.
Дазделла цкъоцкъамаш гIелоно лаьцна,
Дог Iовжош, йуьхь тIехь ду цхьа шийла пардо.
Гонах бу байина накъостий-бIаьхой,
Хиллачу тобанах хIара висна цхьаъ.
Наг-наггахь, тIе нийса пулемет кIирйой,
Иччархо-тIемлочо буора довхой мад.
Дисина цхьа лента лаьхьанах хьаьвзи,
Хьацарах ийна цIий чекхдели пхьуьйшах,
Ткъа киснахь, дог долччохь, йолучух са чохь,
Жим-жима меттаххьеш йу «Те-те» тапча.
ТIаьххьара патарма…ХIара йу те чаккхе?
Чов хилла. Цхьаъ ша ву. МостагIий гонах.
Иэсо бах: «Бисна хIоъ дагах чекхбаккха,
МостагIийн кхиэлана воьдучул кара!»
И муха воьрзур ву Даймахка йуха,
Муха дер мукIарло чуьрчарна хьалха:
Эшна ницкъ, мостагI чекхвалийти Дон-хих,
Кавказе некъ бостуш йовссаршна хьалха?!
ТIаьххьара патармин аз дижи тийна,
Йистхуьлуш йац «Максим», Iаш къанойх баьрччехь,
Куьг тIе хьо дегI шелдеш йолчу тапчина –
Ша-шен зиэ йитинчу патармин ларче.
Лелхачу стигланца хаьштигаш уьду,
Iаьржачу марчонах хьаьрчина ардаш.
Йаьгначу аренгахь кIен кенаш доьлху,
Шайн дашо буьртигех цадарна дезарш.
Вахаран тIаьххьарчу зил тIехь ша лаьтташ,
Iожалла, тIекхийдаш, йуьхьдуьхьал йайча,
Го цунна макхйелла боберийн йаххьаш,
Гур боцчу шайн дайшка, йисна 1а хьежа.
Мел велларг дIахIоьтти тахна кху некъа.
Ма шорта кешнаш ду ца далуш хьесап.
Мохь бетта массара: – МостагIна декха! –
Кхуо дош ло-кх, мостагIна ца эшо тезет.
Iожалла, хьо йухайалал,
Ахь ло тем иза оьшуш вац.
Хан ло лаъмаш кхочушбалла,
МостагI иэшош эккха валлалц.
Хьоьца тIом цо бора денна,
Цхьа минот мукъа йоцуш шен,
Дахаран цундела хазна
ДIалуш вац иза, леташ бен.
«Рус, карвола!» – бах мостагIчо,
Окоп тIоьхла куьг даржийна:
«Хьо галваьлла, ву со нохчо,
МаьIна ду цу дешнийн ийна».
Шена ларъеш хилла дIаьндарг,
И сов хьоме, деза совгIат,
МостагIчунна шех цакхаьрддарг,
Дели, цуьнан тееш гIовгIа.
Воьжначу фашистан йукъах
Маса йоху цо гранаташ …
–Схьагулло, шу дижарш дакъа,
Шайн герзах Iожалла лоцуш.–
Герзийн лелхар, гIовгIа, «ахI» дар,
КIозарш йаржош цIеран дарц…
МостагIийн цо герз лехьадар–
ТIам тIехь гинарш кIезга бац!
Цу герзаца йеш дуьхьлонаш,
МостагIашца леташ денна,
Отуш Iожаллин кIелонаш,
Бохий гонаш лецнарш шена.
Ницкъаш хьайн берриге латтабе гулахь,
Синтемехь детталун дог шовкъе даккха,
Хьан цIий чохь бовха малх бетталуш белахь,
Iожаллин шело йу-кх гIорасиз тIаккха.
МостагIийн могIанаш ма лустлуш лаьтта,
Ма буьрса хир бу-кх хIара, ницкъ эшна тIом.
Чов хилла, гIелделла, куьг дуьйжи лаьтта,
Ткъа къардала дагахь-м дац и майра лом.
Леташ берш къастийна йу лаьттан аса,
Мел долу дуьне шина декъе декъна:
Цхьана агIор т1ег1ерта лоллин Iазап,
Вукханхьа лардеш дерг – малх, дахар декхна.
Лелхачу герзаш кIел хала ду текха,
Ткъа шинна-м муххале – дIаьндаргаш уьдуш,
Буьйсанна кхочу и накъостийн метта,
Лазозчу куьйгаца пулемет уьйзуш.
Свидетельство о публикации №124082107065