Николай Сергеев
«Тхо маьлхан бераш ду.
И бу тхан цIий чохь богуш берг.»
(М. Горький)
«Даймехкан сийлахь къонах, лен воцу Кавказан турпалхо, маьлхан кIант, аьрзушна йукъахь а аьрзу, пулеметчик-комсомолец Нурадилов Ханпаша. ТIемало-наьрт, тIемало-аьрзу, бIаьхо-къонах – уьш ду-кх цуьнан даржаш, турпал-пулеметчикан, гвардин лакхарчу сержантан, комсомольцан Нурадилов Ханпашин. И вара майрачарна йукъахь тIех майраниг, доьналла долчарна йукъахь тIех доьналлехь верг. Иза мостагIна тIевоьдура, йухахьежар доцуш, майра, каде а. Ханпаша Iажаллех ийзалуш вацара, цо кхерайора иза. Нохч-ГIалгIайчуьра тIам тIе веанчу оцу кIантехь гучудевлира нохчийн къоман доьналлин, оьздангаллин а аматаш: цуьнан турпалалла, майралла, хьуьнар а. Шен къоман иллийн турпалхойх тарлуш схьавеара Нурадилов. Дукхазза мостагIашца нисделлачу тасадаларшкахь толамца чекхволура иза. Хьажал, тIемало, наьртан вастехь гучу тIемалочуьнга, ламанан аьрзуне Нурадилов Ханпаше! ХIокху Кавказан турпалхочун, нохчийн къоман кIентан тIеман доьналлий, майраллий, хуьлда хьуна, хьан накъоташна, къонах тIамехь муха хила веза гойтуш долу, масал. Доьналла долуш хила, цкъа лен воцу Нурадилов Ханпаша санна, Iожаллех ца ийзалуш, иза эшо ницкъ кхочуш хила, нохчийн гIараваьлла кIант санна».
(Донскойн фронтан политурхаллин газетан агIо).
Ма доца дахар ду адмана делла:
Минотийн идарехь денойн чекхлелхар...
Амма и халкъ ирсе дигаре хьовзош,
Къам марша даккхарна йовхо луш даьгнехь,
И санначарна ло халкъо шен иэсехь,
Ца вицван дуненахь дакъа абадехь.
Ши некъ бу биллина дахарехь дIахьош:
Хих текха цхьаъ, тийна, партала Iенаш,
Зен доцуш жималло къаналле кховдош,
Каш-лахьте верзарций уьйраша вицвеш;
ШолгIачо историн йочанехь вахчош,
Чахчавой, цIий Iеначу тIамах чекхвоккху,
Толамо дог хьосту, мостагIий иэшош,
Йа жеррахь кхалхарца сийлалла йоккху.
Оха тахна сий дарца хеставо хьо –
ШолгIачу некъан кхаж баьлла турпалхо.
Хьалхара дакъа
«Цунна дезара Хьамзатах лаьцна иллеш. ДIаоьхур ду шераш. Керла, бIаьрлачу басаршца лепар ду вайн дахар. Нохч-ГIалгIайчоьнан ирсечу кегийрхоша, Дон-хица болчу мехкарша, Украинерчу кIенташа а лоькхур йу шайн эшарш, бохур ду иллеш гвардин лакхарчу сержантах Нурадилов Ханпашех лаьцна». («Известия», 31.Х. 1942 шо).
Винчу мехкан иллеш
Чаккхенза кIоргачу стигланан соне,
Кховдийна шайн кура мокхаза белшаш,
Къармазчу маршонехь, ца каглуш вуонна,
Гуттаре лехна Iа и нохчийн лаьмнаш.
Моьтту, уьш ойлане эгначохь севцца,
Хьалхенгахь мел хилларг дага а лаьцна:
ТIемашкахь тийсалуш къонахий иэгар,
Дуьтуш вайн иэсана доьналла дийца.
Ма аьхна лекхало пондаран мерзаш,
Ширачу дийцарша долош дог хьеста.
Хьомечу Даймехкан мукъамийн марзох,
КIац тесна го сирла илланчийн корта.
Пондарх пIелг тийсало цхьа маса, говза,
Инзарчу самонгахь дIатийна лаьмнаш,
Тем боцу мох а ша бацалахь баьржа,
Керлачу мукъмашна илланчех Iама.
Йист йоцчу стигланан кIоргачу соне
Кхийдайеш шайн кура мокхазан белшаш,
Къармазчу маршонехь, ца каглуш вуонна,
Гуттаре лехна Iа и нохчийн лаьмнаш.
Хетало, декарехь зевнечу мерзийн
ДIайахна ширалла йерриге денло:
Динберийн ковранаш, тобане йоьрзий,
МостагIийн ардангах латарехь иэло.
«Тхо даима кураллица дездетташ хир ду, тхаьш цуьнан нийсаройн чкъурах хиларна.» (Любомир Дмитерко «Сийлахь турпала къонах Ханпаша Нурадилов». «Вперед за Родину» газета, 17.ХII. 1942 шо)
Некъан йуьхь
ЦIерпошта кхоссало бодашка некъан,
Йовхачу Iаьнарца можа буц морцуш.
Вагонан кора тIе Iаьржо кIант летта,
Цкъоцкъамийн куьцаша аьрхалла гойтуш.
Хьоькхучу моха кIел лоьцу цо балдаш,
Йаьгна гон аренаш бIаьргашца толлу,
Гуш санна эзарнаш чаккхармийн дехьа,
Гуьйренийн суьйренийн баланийн хола.
Сингаттам совбоккхуш, дийно бо хорам,
Сентябран суьйрено тIехоьцу бала.
Жимха дIавоьхуш йу бIаьхаллин зурма,
Схьаоьхьуш цу некъахь гIалартийн гIала.
Ц1ерпоштан боларо садеIар лаьцна,
Карзахе цIий даг чохь зов декош Iена.
Ойланехь кIант тIеман байракх кIел лаьтта,
Мохо кхес ловзочу динахь гуш денна.
ЦIерпоштан чкъургаша некъан йиш лоькху,
Болар шайн сихдарца гарманан арахь.
Жима кIант, кхаъ хилла, дездетташ вуьгу
Хинйолчу йоккхачу кхолламан хьарма.
Хих довлуш цIен панар, йовш, къайла йели, –
Тешар вац аьчкан некъ баьстина гIарол:
Тахна дIахьовсочу кIенташна йукъахь
Ву аьлча Ленйоцчу Сийлаллин Турпал.
Дукха бара дIабуьгуш хин болу бIаьхой –
Самукъне, гIовгIане, аьрхачийн шалон.
Цу йукъахь сибатийн цхьаннен йац тидо,
БIаьргаш чохь вовшен гац лааман шеко.
Шераш дIауьдура, герз дуьйлуш кIуьрлахь,
ТIеман цIе кхерстаре хьовзийна зама.
Дукханна цу кIентан сов хьоме сибтахь
Дезало дог чIагIден майраллин амат.
Генарчу йарташкахь маьркIажа хенахь
Къаноша иза хьехош къамелаш до.
Ламанхойн мехкарша и майра къонах
Шайн зевнечу эшаршкахь ма хеставо.
Шен Даймохк безарна ваьхна тем боцуш,
Воьжна и вайн къоман сий, маршой лардеш,
Цундела, цу дахарх масал а оьцуш,
Вай Iама декхар ду къам вуонах лардан.
Сирла-цIен Iуьйре
ХIоранна Даймохк бу хьалха сов хьоме,
Духхьара ког боккхуш, лазийна латта.
Маьлкъаз йа докхан дитт шайн коран сонехь
Йа иллеш аганан шен ненан маттахь.
Iожалло хьовзийна тIаьххьарчу сохьтехь,
Дог соьцуш, кхачалуш сил мерза дахар,
Дуьненан серло йовш, бIаьрг боьдуш тIеттIа,
Украинхошна го цIа стоьмийн бешахь,
Казахна – малхо шайн йагийна аре.
Бецан тхи эгадеш,бохийна кийра,
Ханпаша Iовжийча, кхачалуш гIора:
Го цунна шен Минай-Тугай ма-йарра,
Схьахеза геннара Ямсу-хин гIовгIа.
Мехкарша тийжаме эшар шайн йолош,
ЦIеста зов деш кIудал узам бан хIутту…
Мурстана шен Даймохк дуьхьала ухьий,
И йух-йуха мостагI дIачовхо гIуьтту.
Иза кхиъна Аухехь Iаламан тойнехь,
Ламанхойн хелхарийн кхехкачохь асар,
Зевнечу иллешца, къонахийн туьшахь,
Стиглане кхевдинчохь ламанийн аса.
Цу махкахь хIора тIулг историн теш бу,
Шайн маршо къийсинчийн лараш тIехь йисна,
Къомо шен турпалхой иллешкахь хьоьсту,
БIешерийн йохаллехь латтабеш иэсехь.
Доьзалах Нурадил ма хьалхе къаьста,
Ханпашехь дисале хьоме ден сибташ,
Дахаран абат шен кхиале йаста,
Йахале лаьтта тIехь хьалхара гIулчаш.
Аьхкено йаржийча йоьалгIа тIамарш,
Делалуш Кавказан Iалам кIантана,
Ханпаша тIаьххьара шен мара къовлуш,
Вежаршка йистхуьлу леш йолу нана:
– Ас дечу весетан дош аша хIора,
Кхочушдеш дахарехь, лардеш чекхдаккха.
Бохамехь собаре, ткъа тIам тIехь – майра,
Доьналлехь хилар ду къонахийн дакъа.–
–Тийналло йесаллий, матар а гулйо…
Хьиэкъачу беркатца хуьлда шун бIаьсте.
Ламанан хьост санна, шун дахар хуьлда,
Алссам шун диканех, хазлуш вайн латта.–
–Ларделаш вайн къоман гIиллакхаш оьзда,
Сий дарца ларалаш къежбелла корта,
Ткъа махка тIом багIахь, луур ду суна,
Шаьш тIемлойн хьалхарчу могIаршкахь гайта.–
–Дахаран мах хуург хьакъ ма-дду леш ву,
МостагIчун дIаьндарго къовсамехь вожош.
Ишттаниг хьакъан иллешкахь вуьсу,
Хиларна кхалхарца лензалле воьдуш.
–Цу лахьтин шелонан хIо хъаьдда суна.
Байн къаьхьа декъах шу лардойла Дала.
Комаьрша вайн Даймохк хуьлда шун нана,
ДогцIена нохчийн къам хуьлда ден метта!»
IиндагIаш дийшира ГIизарун йуьхь тIе,
Наб кхеттачу хьесапехь и лацало.
БIаьстенан Iуьйренца нана луш лахьте,
Суьйренца вежарий йуьртара дIагIо.
БIаьстено, байракхах вежаршна тIоьхла,
Даржадо хьастарца стигланийн дари.
КIентийн некъ болало кхолламна дуьхьла,
Ирс леха йист йоцчу дахаран арахь.
ГIайгIа йоцу, хIай бералла!
Заз-патарлахь боьлуш малх,
Дерриг дахар луш хьан дола
БIаьсте йаьржи май баттахь.
Чомехь хьожа бецех гIуьтту,
Сацац олхазарийн йиш.
Лаьмнийн баххьаш стигла уьду,
Шайн-шайн тархех ледош хиш.
Наггахь гIаргIийн гаьннех хьаьрчий,
Мархаш гулло, кхолош де,
Йуткъий настарш сеттош, аьрха,
Хьаьвза догIа хелхарехь.
Хих къаьстина мархаш йаьржа,
Стиглахь гIотту стелаIад.
Нускалх йекхна, бIаьсте къежа,
Малхо тхилахь теIош бIаьрг.
Зезагийн дохк-мархийн хIуьрлахь
Бераллехь идийна мур,
Оцу шерийн гIенийн хьурмат
Ду хIоранца коша гIур.
Хьо вулуш саьнгарчу тIамна,
Дарцо узмаш лерехь беш,
Дагна тамехь берахь хезна
Илли хир ду хьо вохвеш.
* * *
КIезиг дац догцIена адмаш дуьненахь,
Ткъа байшна-м тIех тIалам оьшуш бу денна.
Хьегарна бераллехь марзонах ненан,
КIант кхиъна-кх хеназа гIайгIанца ийна.
Ма хьалхе кхиира къайленех иза:
Доцачу дахаран экам мах бовза,
Къастабан довхачу дешнийн мах беза,
Боккху ког нийсонан хьесапца буоза.
ТулгIешца кхехкачу хин бердийн ломахь,
Нислора, гIаж карахь, жа дажош латтар.
Массо стаг ирсе ван долий са тIома,
Ойланехь кIант къовса харцонца гIоттур.
Ирсе бан дахаро бинарш шех къахка,
Д1ахьаьжча – берш хийра, ткъа дагна – герга,
Хууш берш, йист йоцчу безамца хьаста,
Буоберийн дегнашкахь чиркх латош, къага.
ТIекIавеш, тIаламца ша вохвар наха,
Муьлххачу хIусамехь неI чIагIар доцуш;
Нийсаройн наноша наналла дарна
Шайн хьоме доьзалех дIахервар доьхкуш,
СагIа деш дIалур йара жималла цо,
ДегIера довха цIийн тIадам ца буьтуш,
Цу нехан ирсана, эшайан харцо,
Зуламца, ца къарлуш, къовсаме волуш.
КIентан деналла иллеш тIехь кхиънера–
Аух-Юрт-м йу царна ийна даима.
Деза денош даздар кIанте кхочура
Илланча кху йуьрта воьссинчу ханна.
Илланчин иллеш
ХIай ширчу мукъамехь ламанхойн иллеш, –
Цу халкъан маршоне бIешерийн лазам,
Нохчочун баланаш аш балхий хийла,
Цо шера арене латтор сатийсам.
Цу лаьмнийн чIожашкахь мохаха тийжар,
Халоно бIарздича стигланах къекъар –
Шуьца ду, чагIаран, сингаттам байбар,
Шун говза мотт хууш волчунна кхоччуш.
Лермонтовн кхолламна баьлла шух пайда,
Шун башха хазалло йийсаре вожош.
Шун сийлалла Пушкина дуьнене кховдий,
СовгIатна Росси чохь Толстойс т1ехь йаржош.
Аш массо могIанехь турпалхойн сий деш,
БIешерийн йахаллехь церан йахь йийци.
Къонахийн деналла гайтина кIентий
Халкъалахь бохуьйтуш, Iожаллел толий.
* * *
Буьйсано седарчийн гIагI дуьйхи стиглахь,
Дато турс къагадеш серлонгахь беттан.
Набарна тийначу йуьрта чохь илли
Долало, пондаран мерз бекош тIеттIа:
– ДоттагIна кхуьийла йиэза йоI эвлахь,
Вайна церг хьекхочух тасалуш мостагI.
Дагна там бо илли декийла вайлахь,
ХIусмашка кхачадеш догйовха коста.
Сема ладогIалаш, дог майра кIентий,
Вайн дайша, кост дина, дитина весет:
Белла бац, вайх къастош, лахьтичу бахкарх –
Бисинарш хьехабан вайн халкан иэсехь.
Цахезнарг шен къоман исбаьхьа иллеш
(Уьш-м декаш бIешераш ихна д1а шортта).
Ваьхна и кхочуш деш деккъа гайн хьелаш,
Дайнмахках йа къомах ца лозуш корта.
Лечарчий, сема аш ладогIа,
ВархIедайн дахаран гIулкхе,
Церан лар хьаьшна вай д1адолхахь,
Сийлаллин йоккхур йу лакхе.
БIаьстенах малх, жий Iахарх санна,
Дахалаш ца хедаш къомах,
Болх, деналла, къоналлий – цунна
ДIалолаш, шайн мел дерг долахь.
Иллига ладогIа, х1ай нохчий,
Дуьненахь дан йиш йоцу къам,
Беза мах хадийна Кхоьллинчо,
Бахийта шун иллин мукъам.
Буьйса йу, исбаьхьа жовхIаршца беттан,
Ло тесна, ламанийн лакхенаш кхолуш.
Илланчас болабо мерз-пондар хьиэста,
Аьрзу йу стиглахь шен маьрша тIам тухуш.
Илли хьоду, т1ома, тIоьхла йуьртана,
ДIаIенаш хIаваан йистйоцчу панахь.
Хетало: лаьмнаша цу иллицанна,
ГIиттайеш дIайахна йерриг хан иэсехь:
Гуш хета бIаьргашна майра Бийболат,
МостагIех, сий лардеш, тасалуш Муьстарг,
МостагIна, йахь ца луш, кхелхина Хьамзат,
Адин кIант Сурхо а – кIиллойн топ кхетта.
Маршонан бIон коьртехь вогIу Асланбек,
Маржа йаI! Го вужуш, довха даш кхетий.
Iожаллех ца кхоьруш, ца буьтуш тIехь бехк,
Кхайкхадо илланчас кхалхарах кIентий.
Iинах ирх дохк теIа, тархех тасалуш,
Сетта и лаьхьанах сакхмакхийн лорах,
Ламанийн лайн баххьаш кхолий, мотт хьоькхуш
Малх хьожу, къагийна стиглара кораш.
ТIам каде олхазарш – илланчийн пIелгаш
Сов каде пондаран мерзаш тIехь ловзу,
Башхачу иллино, чохь дохуш гилгаш,
Синтокхо дегнаш чу хьодуьйту говза.
Пондаро Iенадо дог хьосту мукъмаш,
Тийжамаш лелхабой, толаме хьовду.
Аьрхачу къоналлин схьагулйой амалш,
Илланчин аз доцург гIар-тата соцу:
Ца ваьлла дуьненчу хьуьнаре къонах,
Шен мачийн айраш кIел дерзалуш Латта.
Йа стигал вертанах белшаш тIе кхуллуш,
Куй санна, малх коьртан бIаьштиг тIе тоттуш.
Ца хезна ву бохуш нуьцкъала турпал,
Стигларчу седарчех беш чоин бустам,
Хьайречу дарц-мохах йузалуш кIудал,
Йа динна лан динарг кхеттачу баттах.
Вина вац хIинца а зуламхо лаьттахь,
Кху лаьмнех ларийнарг йан кешнийн хьарма,
Баккхалуш и Башлам шен куьйга меттах
Йа лоллехь нохчийн къам ницкъ кхаьчнарг къардан.
Кад малий, цIий доладалийта сихха,
Цунна мутт IаIош йу малха кIел хорха.
Хуьлийла вайн кхалхар Даймехкан дуьхьа,
ТIом бечохь Iожалла вайх уьдуш хьалха.
Мехкан сий лардечохь товш хуьлу кIентий,
Ма теша, турпалхой эгча, ле бахарх:
Кхехкарна богу малх мелачу цIийлахь,
Iожаллин ницкъ кхачац уьш халкъах баха!
Ханпашас лам гезбеш дIайоьду буьйса,
КIант ларвеш, гIаролехь лела беттаса,
ТIелата кечйелла кондаргаш куьйса,
Хетало тебна бIо, хин бердех летта.
Илланчас айинчу ойланийн войлахь,
Гуш ву кIант герз детташ. Тийсало бIаьхой.
Лета уьш мостагIийн ковранех майра,
Шайн цIераш йазйойтуш Лензалле йаха.
Къоман иэхь шуьца ду, хIай нохчийн иллеш,
Дозалла, самукъа, йу маьрша ойла!
Аш кхиош хийла кIант махкана велла,
Шен валар ирс хеташ Даймехкан сийна!
Иллеш чохь йу оьзда нохчийн син алу,
Царна чохь – болатал чIогIа син амал,
Ханпаша цу кха тIе, йукъ йоьхкий волу,
Дог дахчош, цу иллийн турпалхойх Iама.
Къоналла
Даьржинчу даьхнеха гунашца керчаш,
РегIанийн басешкахь йеш баьрзнийн оьла,
Цу аьчкан тхевнаш кIел, латийна кхерчаш,
Йурт йеха, бIешерийн гIайгIанел тоьлла.
Куьг кхевддехь йуьртана йу нефттоттийла,
Заводийн дог ду и бIон некъана геннахь.
Кхузара дIауьду, йоцуш социйла,
Мехкадаьтто дуьйлина биргIанийн пхенаш.
Чуьйначу эмкалшна Iуналлехь хьийза,
Мазото Iаржвина, мукъам беш, жимха,
Тидамца дIадоккхуш машенийн цIийзар,
Цаьрца мотт буьйцу цо, уьш кхетош шеха.
Дуьнене бIаьрг биллинчу Минай-ТугIайра
Кхечира к1ант кхуза белхан гIулч йоккхуш,
Iамадо моторийн инзаре гIора,
ГондIарчу белхашна пайдехьа даккха.
Машенийн цеха чохь хьийзаш ду бернаш,
Эшаршца лекхалуш, мохтухург хьийза.
Хазхетар совдоккхуш, ду дагна там беш,
КIанта хьо и суьрташ вежаршна дийца.
Оьшшуче даьттанца кхачо йеш лелаш,
КIур, гIовгIий лаьтта чохь, хIун ду те хаза?
К1антана шел ирсе цхьа стаг ца хеташ,
Хуьлура самукъне хеза х1ора аз!
Къинхьегам цхьа вуон бац, ду адмаш шога,
Мел хаза цо кхаъ баккхахь, уьш белалац.
Гонах дерг гой беса, йовш деган йовхо,
Уьш лела, балхабеш баланаш цхьацца.
Пайдениг кхоллалаш, кхетамехь айлуш,
Ма доха, дахарехь нисйелча хало.
Къар ца луш къовсалуо, хьалха ког боккхуш,
Иэшамехь иэхье «къурд» ала ма сихло.
Дахаран уьйриг ша Ханпашех хьаьрчи,
Кху аьчкийн чолхечу меженех ийна.
Цо лоьху адамийн кхетаман баьрче
Балха тIехь, къамелехь, садоIуш тийна.
Тахана самукъне аз декаш хета,
Ханпашина кху цехехь зов даьржош шен,
Ламанан шовданах, кху чухла дедда,
Чекхъиккхи цуьнан башха дахаран де.
Барт, безам, марзой йу белхалойн гуттар,
Ишттачийн вовшашца йахь ма йай хаза,
Дахаран къилба ду церан цхьатерра –
Даймохк шайн балехь гар ду царна деза.
Комсомол тобанах кхузахь и кхета,
Вагарехь – малх санна, аьрхаллехь – мох,
Духхьарчу безаман цIе кхузахь летта,
Кхолламо эскаре кхузара д1ахьо.
Беттан туьйра
Дара и йевзачу луларчу йуьртахь,
Баьццарчу ахки чуьра хи уьдучохь …
Бутт кхийдаш, дуткъачу мерзашца лаьтта,
Оцу мерзех, Iад хьоькхуш, мох хьийзачехь.
БIаьрг бузош бIаьстено, тIеуьйзуш, хьоьсту,
Беттан сехь дуьне дерг туьйранах дузуш:
Лаьмнийн тархаш тIе жовхIараш д1ахIуьтту,
Дато варкъ даьккхина, некъ-тача кхолуш;
Iинах чу воьсси кIант, хин бердах хьерчаш,
Кегдарца чукерчош кондаргийн генаш.
Зезагийн вахош хIо кхачарна коьрте,
Стоьмашлахь гуш лаьтта, садоькъу гIенаш:
КIайн бурош хьийзадеш, чуоьгу шовда,
Цу буха хи иэца мехкарий хьовду.
Шира йиш ийзаеш, йоI йолу новкъа,
Цуьнцанна лекхалуш хетало кIудал:
«Сийна алу корех
Туьйсуш кхочу де,
Хьажар кхолош маьлхан,
Йогу йаьлла цIе.
КIиллу къайла ваьлла,
Къонах майра лиэта.
Нана коьртаIуьйра
Ара йаьлла лаьтта.
Цо кIант тIаме воккху,
МостагI иэшаван,
Iамийта кадоккхуш,
ТIеман хало лан.
Дай бу денна ларбеш
ТIом бо кIентий шайн,
Сийлахь верг дIайазвеш
МогIанехь къонахийн».
Когашна кIелхьара тIулгаш дIахьаьлхи,
Хи чу уьш кхечира, ирхтухуш дерз.
Лаг1валар кхин доцуш, кIант а чуваьхьи….
ЙоI йолчу Iинах чу, – хьаьнга де те арз?!
Туьйранан хазалло Iадийнчо, доггах
Олу, цу йоIана бан лиъна тем:
«Хьайна кхул доьхна де дахарехь дагIахь,
Къонаха къаставан хилалахь сема!»
Кур ойуш цецйаьлларг, бIаьргаш чу кхевди,
Царна чохь-м седарчийн заз-патар лаьтта.
(Дагахь а доцу ирс ма йуххе хIоьтти!)
Мел бIешо деди те, цу муьрехь – ваьшта?!
Ма туьйранахь санна хета
Бераллин сатийсамаш,
Сирла-кIайн йа стиглан басахь
Беттан дато бIарлагIаш.
Махмарна тIе IиндагI дожий,
Тем байначу, кIажарша.
Ховха, экама и хьоьжу
Хи чохь гучу липпаршха.
Тов хьийзачу Къилбазенан
Нохчийн буьйсан совгIато
Седарчийн нур дIадаржорна,
БIаьргаш чохь гуш йоI дашо.
ТIома девла д1асадевдда,
Дуткъий, деха цкъоцкъамаш.
Барт балаза балдийн алу –
Арахь догу зезагаш.
ДIасахьаьвда, деш татолаш,
Чам бащхачу хьостанех,
Ломан тархийн белшех къаьсташ
Тов ши чIаба – чухчареш.
Дахарехь и саннарг гойла
Наггахь бен хуьлийла дац,
Сингаттамо агарх ойла,
И ган цалиънариг вац.
БIаьргийн хьажар цуьнан лаца
Цхьа бIешеран мурсташна,
КIожамах хазхетта вага
Йа вожа ирсан хорамна.
ДегIаха са къаьсташ маллуш,
Дагахь хьоме йаха цIе,
Цу цIаре дохдойтуш балдаш,
Хьежа-кх даллалц къематде.
Къегина Iуьйренах тера йоI лаьтта,
Йогучу йуьхьа тIе сингаттам хьаьдда,
Догу бIаьргийн нур т1ех эсала леста,
Эккхабеш цу чуьра кхерамийн бода.
Диканиг, ховханиг, хьомениг, саца!
Дахаро кхоана ди шуна совг1ат.
И йуха йоьрзур йац, ахь мел мах белча,
Цунах ирс иэцаза ма йалийта минот.
ХIаваэхь кIайн тIомахь йаьржина марха,
Некадой, сакхмакхийн хьийзарехь йеша.
ЙоI къайла йолу кхиале дог далхо,
Хинболчу безамна дош дуьтуш теша.
Зевнечу дахарна ц1ий кхехка доьлла,
Хинболчу кхиъмашна кечдина иллеш.
Цо шен дог, токхонах дузарна логгала,
Дендина къоналлин зазагийн патарш.
Вагон чу валале доттагIех къаьста,
ХIораммо, куьг лоцуш, довха дош олий…
ЦIеххьана къегий, шина малхо хьосту,
Перронан тобанна йуккъера хъожий.
И йеъна вокзале! Со новкъа ваккха.
Туьйра-йоI, хIурлаIан бошмашкахь кхиъна…
Кхуо эр ду хьалхенгахь ала цакхиънарг
Йа бIаьргийн хьажаро эли те мел дерг?!
Вагочу тулгIенца дешнаш
Гулдели цу меттан буьххье,
Амма уьш, мел литтарх, оьшурш,
Ала ца кхачало бухе.
Дахарна оьшшуриг къасто
Хала ду. Миноташ уьду,
Тхо вовшех сихйелла къасто.
Хан сацац – хьалхахьа йоьду.
Алазчу цу дешнийн Iеха
Хьаьрчина гIорасиз маттах.
Даг чохь цIий маьхьарца Iена:
Ватталхьан…Ватталхьан…Ваттахь…
Шакаро тийналла эккхий,
Кхуо йоьIе цхьа дош ца олуш.
Ницкъ буй те гайта вайн дешнийн,
БIаьргашца аьлларг – айкхдовлуш?!
ЙоI, тешаш хьежалахь кIанте,
Безамца ларвеш и вуонах:
«Де кхачахь майралле кховда,
Хуур ду-кх и хиллий къонах.
Iаьржачу бодашлахь дешна дайн лаьмнаш,
Поездо йорт оьцу шерачу ара,
Цо хьо цхьа жимха Украинин кхашка,
Хинболчу боккхачу кхолламан мара.
ШолгIа дакъа
«Ханпаша санна, мостагIца тасадаларехь кхерам боцуш хилар».
И кхайкхам, кар-кара луш, дIабодара. Оцу кхайкхамца боьлхура
ЦIен эскархой тIеман кIуркIаманенна йукъа, тола а тоьлура мостагIел».
«ЦIен эскар», 2I.10. 1942 шо («Красная звезда» газета)
Украинехь йагIац дага
Иштта дашо маьрша аьхке:
Йуьзна токхе зазан кедех,
Керла къона нускалх – аьхна;
Каде, маса кIен кан бузуш,
Литтина дешех, т1ецIена.
Дагчу зевне иллеш хьовзош,
Беркат дохьуш х1ора дена.
Эшарш лоькхуш Украина
Заздаккхарехь йаржина 1аш,
Къона баьллаш, хорха санна,
ЖовхIарш санна бIаьрла гуш.
Мох бу, кхаш тIехула арахь,
Огаран цIов мелла техкош.
Цуьнан эшарш стоьмийн бешахь,
Хесаш тIоьхла хеза йекош.
ЙоьIан аз ду, там беш дагна,
Йуьзна пана шера аре,
Тешош хиларх токхе йалта,
Йолуш ирсе х1ора кхане.
Йамарта мостаг1чо тешнабехк бира,
КIентан ирс дожийра, бертала харцош.
Заздаьлла кху махке 1овжор хьаьдира, ,
Iуьйре тIекхечира, малх цIийла карчош.
Ханпаша вол-волуш кхечира хьалха,
ГIорийнчух вогIалой, ладоьгIуш соцу.
Йиш хаьлла, радиос иэтIайеш бага,
Садукъдеш, дIовш санна, шийла кхаъ тосу.
ЛадогIа, ладогIа, ладогIа сема,
Буьйсанан бодашкахь, къайлаха, тховса,
Йолийна Iаьржачу къийгаша Iено
Бомбанаш, дийшинчу бераш тIе къиза.
Iуьйренца дохк доькъуш хьаьжначу маьлхан
КIуьралахь сийсачу гаьннех бIаьрг кхета,
Чевнаш го даьгначу цу оьрсийн лаьттан,
Дайинчу берийн цIий херцорех летта.
Йогучу цIерийн мотт ийало лакха,
Мехкан дог долчухьа нисдина болар.
Вайн доза дохийна, мохк дола баккха,
Эхь доцчу мостагIчо долий шен талор.
ТIингарш йолу танканаш, тесна лечкъийлаш,
Йарташ хьен йуьйлало, зIенех цIий ледош,
Керла заз даьккхина и баьллийн дитташ
Кхоъмаза шайна кIел хоттала дийшош.
Тахана къоначех цхьа гIарол вуьйжи,
Тешнабехк тIехьашха тоьхначо бина.
Тахана дуьххьара сирена тевжи –
Нана шен вийначу кIантана йилхи.
Тахана цу тIамо шен тIемаш даржий,
Вайн махкахь дIайоьллуш къизаллин пхьалгIа.
Ткъе шолгIа июнь де вайн иэсе дижий,
ТкъолагIа бIешеран шо шовзткъе цхьалгIа.
И де дицдойла йац Ханпашин йанне,
БIаьрхин чам бовзуьйтуш, хьадийтарна зуз,
Кхачарна, беш санна, тешнабехк нанна,
КIиллочо бодашкахь т1еластийна урс.
Цу кирзан боьхачу эткаша хьаьшна,
Аьнгалех йохаеш хьан кура ойла,
Шен цIийша дуьзначу куьйгашца лаьцна,
ЙоьIан лаг мостагIчо Iуьйдуш ма гойла!
ОьгIазе алоно кийра бузийна,
Пхенашкахь цIий уьду, боларехь маса.
Садеттар, дегбаъмаш – шадерриг ийна,
Мал ца ло кхехкачу ачонан аса.
Къоначу даг чохь цIе йолийла марса,
Ма хуьлда цIеххьана йаьгна йан летта.
Церга балда лаций, чIагIло, Ханпаша,
Даймахке хьайн безам сов боккхуш т1етт1а!
МостагI цавезаро тIам тIехь кадоккху,
Iожалло дарц уьйучу кIуркIаманехь,
Майралла тIетухий, гIора совдоккху,
Хьан шаьлта хьовзайеш мостагIчун даг тIехь.
Украинехь йагIац дага
Иштта тIеман буьра аьхке,
Килсийн горгалеша стигла,
Балхош, беза бала баьхна.
Арахь кхоъмаза хьешна йалта,
Йаржина анеш мел д1а йу.
Цу мостагIийн декъех леташ,
ХьаргIанийн жатташ йежар йу.
Iаьржа стиглахь кхехка буьрса
ЦIерах кхаьхкина йочанаш.
КIен хиллачу кено туьйсу
БIаьрхих ченала буьртигаш.
Тевжи, йоьлхуш, Украина
ЦIаро йагош хьовзайарна,
Нанойх кIентий дIакъастийна,
ТIамо цIергахь х1аллакбарна.
ЦIийнах бевли партизанаш
Цу огаран арахь байна,
Ца кхайкхинчу цу хьешашна
Хийра махкахь каш кечдана.
Эккхар делира, стигла этIош дера,
ЦIийн хьоькхнашца къарздарца седарчий.
Даьгна латта, тийжарца, эргIаддаьлла,
Ца ларна хьожа декъий адамийн.
Цу деношкахь мостагIий малх-аккъара
Гайта кхии шайн экхаллин амал:
Къиза бер-чанталш дойуш аганара,
Къанойн байар дина шайна хьанал.
И бетнаш ду-кх шерийн мехала масал,
ТIеман кIуьрлахь бIаьхойн ачо чIагIлуш,
Толам хилча, кхочуш даге асар,
Воьжча накъост, дерриг дуьне къахьлуш.
ДоттагI хета вешел гергара тIамехь,
Алалац Дош хьайн накъостан каш тIехь.
Бекхаман алу, Ханпашин б1аьргаш чохь,
Йогу и дарвеш мостагIех лета.
Вер, лазор даржочу даш-дорцал маса,
МостагIийн ардангах и таслуш оьра,
Халоно гатвинчохь велалуш таза,
Толаман лаамо валарх ларвора.
Ханпашех бIаьрг бузий, командир къоьжа
Вистхуьлу, хастайеш цуьнан тIеман шовкъ:
Цу кIанта Iожалла эшийна, тешна,
Дуьненчу валарна турпал хила хьакъ.
Мел дара цо тIамца гездина некъаш,
Хьесапе эцна дац тасдаларш дерриг.
Цхьабакъду, хууш ду, ца оьшуш тешаш,
ТIемалойн йахь ларйеш, ваьгна и верриг.
БIаьхошна и даг чохь висина иштта:
МостагIех таслучохь толамна маса,
Массаьрца гергарло лелалуш ваьшта,
Ваша веш къастийна башха Тарас.
БерхIитта шо дузуш, Тарас ву салти.
Ткъа шовзткъей хьалхарчо – кху тIамах хьарчий.
Къизачу мостагIчо шен хIусмах къастий,
КIант, зудий дерзадеш, цкъа тоьхна, лахьте.
Дуьненах догдаьлла, къамеле воцуш,
Тарас Iа даима пулемет кегош, –
Ханпашас шен аьрха амалшца оьций,
Тарасна гIора ло деган ша башо.
Днепр-хин аренийн къонахчо хьоме,
Ваша веш, тIеоьцу ламанхойн жимха.
Кхелхинчу шен кIентан метта и лоре,
Везало Тарасна и нохчо башха.
Украина керча шен цIийлахь денна,
Кхаьршиннан дагна и лазам бу беза.
Мохк безар, мостагIе ачонах ийна,
Даздеш ду кхаьршиннан марзонан терза.
ТIом бечохь зийна ду гергарло церан,
Дусталац и адмийн барамах тешна,
Ду довха, нускалан безаман цIарал –
Iожалла-м цул шозза гIоранца эшна.
Ханпашас шен доттагI кIелхьара вохуш,
Iожаллин бага ша хийлаза кхоьсси.
ДIаьндаргийн дорцалахь цуьрриг ца вухуш,
Ханпаша Тараса гехь текхо дийзи.
Iай совцар нисделча, цIе йагош гонехь
Уьш бохбора, цIарочул, довха дашо.
Ханпашас «Батько» шех аларна шайлахь,
Тарасан гIийла дог хелхаре дора.
Сел чIогIа гергарло доттагIийн хадо
Ницкъ кхочур бац моьттура Iожаллин шен.
Амма цкъа дог дагош, бIаьргех хи хьоду,
Шийла кхаъ кхачарна гергарло зиэн.
Дагалацар
(Кошедовлар)
ЭттIачу мархех чекххьоьжуш,
Лечкъош гIуро човхийна йуьхь,
Бутт бу шийла зIаьнарш хьоьрсуш,
Пурха гIерташ, лачкъа сихха.
Ца хIуттуш набарна товжа,
Лаьтта ша, тахкийна дарцо,
Пурхахь лечкъаш, милла хебна,
Кхайкхаза хьаша – гIаролхо.
Сингаттаме дитташ тийжа,
ГIорийна шайн межеш сеттош.
Баланаш совбохуш хьийза
Дера мох кху тIеман хьаьттахь.
Лерг Iадош, мохь хуьлий кхочу,
Йаьгначу йартийн чиман хIур,
Дуьне Iаьржа дарцо морцу,
Даьгна адамийн баьржаш кIур.
Iаьнан дарц, цхьа дера, дог дахьош угIу,
Тем байна дог1маш т1етт1а дуолош тхьуз.
Окоп чохь кхо накъост наб йан ца туьгу:
Тарасца Ханпаша, «Максим» олу герз.
Йиш йац-кха хебба, дегI набарна товжо,
Шелонан халоно хIорш къарбийр ма бац.
Четар ду кхеран, хIусам йина даржо,–
Батькон луьлланца къиза дарц эккхо.
Сахуьллуш лайн чимаш, ийалуш, гIовтту,
Дахьийна лаьтта тIе ийзалуш оьгу,
Тийна мох, денбелла, схьахьекха хIутту,
Карзахе хелхарехь цо ижу лоьху.
Зарзлучу Iуьйренца, нисйина тоба.
МостагIий тIегIерта, лар йуьтуш лайлахь,
Хьалхара хIоъ божий йоккхачу тоьпо,
И оьккхуш, долало тасдалар майра.
Фашисташ, гIевттина, атаке бовлу,
Дуьйлучу герзаша къайлах гIакх лоьху,
Лайн хIуьрца йилбазмох хелхаре буьйлу,
Ханпашас Тарасе: «ТIейахийта!» – боху.
ДIо аьрру агIорхьа хезаш ду «Ура!»,
Вайнаш бу мостагIца «буй-тIаре» бевла.
«Сан кIант, хьо сих ма ло, – Тараса олу, –
Сихдала вай эшац, кхерам бац вайна».
Ша оьзна луьлла цо дIацIанйи, йассош,
Мекхаш тIехь бина ша, кегбеш, дIабаьккхи.
Ханпашас аларций: «ХIаллак де йовссарш!»,
Шен лента чухьарчош, пулемет Iеттий.
Iожаллин мох хьаькхи кIайн лайлахь даржош,
Лазийнчу дитташ тIера и Iаьржа гIаш,
Хьан эр ду наношка, цхьа кIант ца къастош,
Iожалло дебадарх декъашца и кхаш;
Хьан дуьйцур уьдучу маса дIаьндаргех,
Мохо тIаьхьа ца бешаш лестадарх тIемаш,
Бистина, бахкалуш и к1ентий Iахкарх,
Халаташ тIе летта цIийн хьоькхнийн йомех?!
Iуьйрено цIоьллийца хьаьхира стигла.
Татанаш девли тийналла йатIайеш.
МостагIчо схьахецна масийтта мина
Иккхира, мел йогIург йуххехьа теIаш.
Тараса дош кхуссу: «КIант, мал ма лолахь!»
Эццигахь моттало стигла тIейуьйжи,
Седарчех дIакхеташ, ирхдели латта,
Дуьненах, керчина, цIеран хIоз хили.
Iена цIий, лайн чимех иэлуш, иэс дайна,
Мел Iилли цу хьолехь: минотехь, кIирнах?
Стиглара сен дареш ма Iаржаделла?!
ГIоьрттина Ханпаша голаш тIе хиъна,
Гуш гонах цецвоккхуш аьхна тийналла.
Лайн хола, лаьттан барз – дерриге дуьне.
ЦIен марха тIеоьзна иэделла лаьтта…
Вагийна чов йуьхь тIехь къастало куьйге,
ЦIийн кховра иэтIадеш, биллича бIаьргаш,
Гулвелла, леррина хьалхахьа хьаьжча,
Го цунна, цIен мархийн зарзйалар йукъахь
ТIешерша мостагIий – пулемет сецна….
МостагIий йухатоха Тарас вац гIоттуш,
Iуьллу и, йуьхьах шен кIайн махмар хилла.
Амма цу бIаьштиг кIел томмагIа хIоттош,
Зезагах даьржинарг Батькон цIий хуьлу.
ЧангIалкхийн кIомсарех цхьамзанаш къиэжош,
Маларо кхерамна бахарна гена,
Фашисташ кIур гIуьтту окоп тIе богIу,
Тарасан пулемет Iуьллу йиш тийна
– Батько, ва Батько! Хезий хьуна гIовгIа,
Батько, хьуна ца го вайн довхойн пхоьха?
Биллинчу бIаьргаш чу оьгу ло ховха,
Амма и дашо йац царна чохь йовхо.
Чекхдели дерриге. БIаьргаш цIийх дуьзна,
Балано сагатдо, некхаха леташ,
Тарасе алаза, мел дукха дисна,
Амма мел герга т1екхаьчна-кх фашисташ!
Хьалхарниг го цунна гIаьттина бага,
Маьхьарца чухьаьдда, саттийна ворта.
Боберийн, зударийн лиънарш цIийх Iаба,
Вай йойтур йу шуьга йуханехьа йорт.
– Батько, хьо хезаш вуй? Пулемет схьало…
Герз къовлуш, тIемаш тIехь гIорийна куьйгаш.
Хезаш, гуш вац Батько. МостагIий гулло,
Окопна гонаха Ханпашех боьлуш.
Хьайречу бIаьрзалло озийна балдаш,
Безамехь йуьхь-сибат, куц хуьйцуш, доьхна.
Дералло, чохь сийсаш, дIалаьцна логшад –
МостагIна йиш йац ган доьналлех воьхна.
Цхьа дера жIаьлеха пулемет лети,
МостагIийн гIакх ата сихдели лента.
ТIеман дов чекхдаккхар Ханпаше делла,
Шен куьйгаш даьстина, Тарас дIакерча.
Болатан шед хьаьвзи фашисташ эгош,
Iожаллин цIаро уьш берзийра хьалха,
Малхбузе уьш лоьхкуш, дIаьндаргийн догIа,
Дорцан мох хуьлий, хьаьвза, махках баха.
Iуьрг дайна дехкех немцой уьду арахь,
Iожалло лаьцначохь хIора а дIатоь.
ЦIийх ийна хьацарлахь Ханпаша вара
Герз дассош, мостагIийн кхачадайта доь.
Ткъа сарахь, тIом боьрзуш, малх буза боьлча,
ГIовгIа-гIар дIатийча, доккха са доккхуш,
АстагIа ворхI фашист командир волчу
Валийра Ханпашас, накъост вер доькхуш.
Хьаькамо Ханпаше элира доггах:
– Къонаха, ахь гайти доьналла тIамехь,
Ткъа хIинца сихонца санбате гIо хьо.
Ханпашас: – Дика ду, – ткъа йуха, – хIан-хIа!
–Лазартне муха воьду? Цу тIе хIинццехь
МостагIчо доттагIа вожийча, вийна.
Хьомечу Тарасна гур ма йац цкъа а
Ша экам кхиийна шен Украина.–
–Вуй теша Тарасан чIирхойх цхьа дийна,
Бойуш сан махкахой, шек воцуш шена?
Тарасан хьажаро со векал вина,
ЧIир эца мостагIчух мел динчу зиэна.–
Лазартне и гIур вац. Дог доьлхуш, тийжа,
ДIаьндарго, чекхйолуш, чов йича санна.
Командир кхийтира бIаьхочух, хьаьжча,
Даг чохь цуьнан дуй хии лазар и велла.
МостагIчух тасалуш, Iабахь, чIир эцна,
И лазар дIадолу тIемалойн дегIах,
Цундела элира: «Хьайна луург дан
Пурба ду». Дуьхьала Ханпашас: «Мега!»
Йуха а тийсало къизачу тIамехь
Ханпаша, ца туьйчу, луьстачу дорцах,
Герз дассош, летара дерачу шовкъехь –
Iожалла, ийзалуш, лелара йуьстах.
Иттаннаш, бIеннаш, эгийна декъий.
– Батько, ас чIир оьцуш гой те хьуна ант?!
ХIорш бу-кх хьо вожийнарш, ца гIовтта эгна! –
Аз хеза Тарасан: – Дика ду кIант!
ЭттIачу мархашна гIийла чекххьоьжуш,
ГIуро, дера човхош, йахьийна йуьхь,
Бутт бу, шен шийла зIаьнарш а хьоьрсуш,
Хьоьжуш, хIоьънаша аьттачу пурха.
Толаман йиш хезий, Iожалла дарло.
Пурхарчу лай кIеллахь Iуьллуш ву фашист.
Йийсаре лацазчу го йуьрта тIоьхла
ЦIен Байракх, малхбузе даьржина дисташ.
КхоалгIа дакъа
«Валар цо тIеийцира доьналлица, кура. Шозза чов йинера цунна, амма иза, шен гечо дитина, тIамна йукъара ца волу. Цуьнан тIаьххьара дешнаш дара: «ДIаэцийша сан пулемет». («Красная Звезда» газета).
Свидетельство о публикации №124082107062