Зударшка
Зударий, шу кхоччуш говзачу дашца,
Хасторан лакхене цхьа а кхаьчна вац.
Амма аш чахчийнарг безаман цIарца,
Шух хьогIца къаьстина, ша ваьхна вац.
Аш корта хьовзийна Жаннатан бешах,
Бихкина стом кхаллош, ваьккхина Адам.
Хийла кIант дех, ненах, йиша-вешеха
Къаставеш, бов воккхуш, аш баьккхи толам.
Адаман пIендеха шу кхуллуш Дала,
Пелъевлла амалаш иэйи те шун цIийх?
Иэйинехь-м, шу нисдан гIертар ду эрна!..
Цакхеттарш-м бу гIертар «хина дуьхьал ирх».
Зударий, божарша мел йаппарш йеттарх,
Шогачу дешнашца шу мел йемал дарх,
Аш бозбуунчалла т1едоьгIча бIаьргийн,
ТIулгах чIагIвеллариг лела, налха санна;
Поппаран йа бамбин хьесапехь кIадлой,
Куц хийца кечйелла пластелин санна:
«Шу доцуш-м йиш йаций, луъуриг дейша», –
Олий, урх хоьций, шун лааме волу.
Бакъ лийча-м, аш вина, мел волу къонах,
Пусарш деш, цадарах мукIарло оха.
Дехийла шу могаш, безамца гонах,
Тароно йа къиэлло ца къастош вовшех.
Хьоменаш, дехийла доьзалехь гIоза.
Вайн хьомсара махкана тIом баьлла гена.
Кхолийна стигланаш машаро йекхош,
Шун бIаьрхиш ирсе деш, зовкх дебош денна.
Зуьретан ненера ас декъал до шу,
ТIейогIу бIаьстенийн массо а денца.
Азаллехь кхолларна вай вовшен оьшуш,
Дехийла вай Дала бечу аьттонца.
Свидетельство о публикации №124082107024