Керла шо
Стилгахь левси кховсуш, идош суйнех,
Дарцо лайца хьовзий чимийн хIур.
ЦIенойн тхевнаш, тохкуш месал куйнаш,
Сийса туьнкалг-луьлех гIиттош кIур.
Iалам кхоъца воссош динан бере,
Кечло тойца даздан Керла шо.
Даржош гонах чилланан кIайн дари,
Лайн-Баба йан гулбеш берийн бIо.
Керла шо, хьо хуьлда тхуна кховдош,
ХIора цIийне синтем, машар, барт.
ХьогIца леларш диканаш дан гIовттош,
Зулам дечийн сацош хьогIан йорт.
Хуьлда хьо, дIаерзош нанойн чевнаш,
Балош цIен тIе тахна йайнарш лар.
Вайн хIусмашка кхачош делар зевне,
Ирс кхаьчначу берийн г1аттош «гIар».
ГIура-Дада, Лайн-йоI шеца йолуш,
Лелар вац те доькъуш совгIаташ.
Вайн боберийн эгна дегнаш декхош,
ТIом вархI ломал дехьа дIаэккхош!
Керла шо, хьо хуьлда беркат долуш,
Тхан Даймахка боссош къинхетам.
ЧIираш йостуш, нохчий куьйге боьлхуш,
Ца бужуьйтуш махкахь цIийн тIадам.
2004 шо.
Свидетельство о публикации №124082107018