Йинчу денца

       
Кхолламо дех-ненах хеназа къастош,
Деттарх т1е къизачу денойн лазарш,
Товш ма вац къонаниг, йицйина бIаьсте,
ТIеийзош шена гуьйренан амалш.

ХIайт-аьлла хьийзаш балхахь, садагийна,
ЦIахь боцуш цхьажимма гIулкхашна тем,
Зама ма дIахьаьдда йоьдуш йу, Зина,
Дахарах ирс эца ахь бой те хьиэм?!

Бахьанаш-м хIораммо шен дахар нисдан
Доггахь лиэладо, йохьаца къовса.
Iуьллучу тIулга кIел хи ма ца идда,
Меттахбала и ца хилахь говза!

Хьо йинчу денца ас, гуш гIилкхийн хазна,
Сайн цIенчу даггара декъала йо.
ТIедогIу и денош лаьа ахь даздан,
Ирс кхаьчна, хьоьстуш хьо хьайн доьзало.

Дахаран хьайн накъост карийна, гIоза,
ДогцIена безамо хьоьстийла шу,
Кертара беркатан ца хедаш доза,
Ларамца марзонийн ца лахлуш гу.
                Тов бутт, 2006  шо.               


Рецензии