Толаман де

Буса нIаьнеш
Кхузза кхойкхуш, тийча,
Лечкъаш, стиглара
Уьдуш седарчий,
ТIамо, берийн гIенаш
ХIиттош холча,
Малх гIаттале
Дуьне цIийла карчий.

Пхеа шарахь
 Герзаш лилхи хьайре,
Адмаша вовшен
Эти аьхка, Iай.
Дуьне мел ду,
Дийби чартийн хьелаш,
Гайта барз боцуш,
Доьза маса вай?

Маржа йаI-кха!
Цу Толаман денна,
Мостаг1 вохош эгна
Майра нохчий!..
Дийначеран хьега
Шуха дийзна,
Йамарта кхиэл
Сосос* вайна йича.

Кхойтта шарахь…
Мохк, ЦIе, Бакъо йоцуш,
Къам детталуш
Цу Iожаллин багахь.
  Цхьаъа нохчо
  Вацар дагахь долуш,
  Толаман де
  Даздеш хила декъахь.

  Нисйеш бакъо,
Хрущовс вайн дог ийци,
Ц1адерзадеш
Дай баьхначу лаьтта,
Амма Ельцинс
ТIеман бага кхийси,
Дуьне мел ду дудуш,
Долош  ата.

Цхьайтта шо дели
Вайна тIом ца хедаш,
Коьртехь дуьйна
Хьарамлонаш диэбаш,
Кху къизаллех
Доцуш довда тIемаш,
Нохчий кхузахь
Хьийзий, цIийла керчош.

Доьза байнарш
Кехаташца лоьхуш,
Уьду шераш,
Ларйеш сирла кхане:
Iаш бу Наной,
Белха бIаьрхиш доцуш,
Ларбеш кIентий .
Дог ца дилларна.

Дала мукълахь,
Байначеран наной!
Бог1ур ма бу аш
Лоьхурш хIусмашка,
Вуо шадерриг
Дуьсуш йахна ханна…
Шу йогIучо деш
Ирсе доьзалшца.

ТIе мел догIу
Толаман де хуьлда,
Йолуш вайна
ТIаьхье беркате.
Дов дирзина,
Бехк берг дохковаьлла,
Барт чIагIбелла,
ДогIуш х1ора де!


Рецензии