Генара, гергара суьрташ
Комол* меттахйаьлла бIаьста.
Шано цоьстуш, тийжа бердаш.
Хулло, текхош Iаьнан наштар,
Урамашкахь ловзуш, керча.
Иэхье лечкъа йуьртан некъаш,
Iоврийн тулгIенашна бухахь.
ХIусмех хьерча шанан тархаш,
Шарйеш, уьш дIахьекха дагахь.
Ткъа дуьйцинчу серийн пенаш,
ЧIагIло ницкъ комолна гойтуш,
Лаьтта, эгош тIера поппарш,
Къар ца ло уьш, ирахь соьцуш.
Наггахь иштта ирча денош,
Ткъевнашца бIаьсте нисйелча,
Дестех Хулло карзахдолуш,
Дог1у цоцанхошна ирча…
Шен шира сурт хийци йуьрто:
Айи ч1аг1деш хинан бердаш,
Наьрт санна, тIай доьг1на буто,
Къевли Хулло левзина гечош.
Лаьхьанах сетташ, билли асфальт,
Марша дели Рузба, ЖамIат,
Эгнарш гулбеш, гIаьтти Зийарт.
Дийби школаш, хьуьжарш, беркат.
Тахана-м Цоца веъча йуьрта,
Хаза гIишлош шена гича,
Цецвер вара, лоьцуш корта,
Ца хууш ша кхьачна мича?!
Свидетельство о публикации №124082107009