Хьехархой хьаста
Ноше стом кхиош,
Ницкъ хилча сан деган
Шен марзо йаста,
Хил-хилларг комаьрша
Цо шуна кховдош,
Махкана тIедилла-кх
Хьехархой хьаста.
Нохчийчохь-м хьехархойх
Турпал ву хIора,
Жоьпаллин гечонехь
Цхьаъ хилла лаьтташ.
Довха дош, син алу,
Ца кхоош гIора,
ТIеман шад дешархойн
Кийрара баста.
Амма лан хала ду
Чим бинчу махкахь,
Магийтар Iаматаш –
Дешаран гIирсаш
Ишколе кхачале
Базаршкахь бохка,
Дустадеш дешарна
Йуьстара цIубдарш.
Шовзткъа шо дIадели
Сан кхузткъе шиннах
Кегийрхой кхеторехь
ДIаоьхуш зама.
Кхоьру со тахана
ХIоьттинчу хьолехь,
Говзанчаш ца кхуьуш
Дисарна кхана:
Аттестат, дипломаш
Дохкарх вай доьлла.
Нохчолла, Эхь, Бехк, Йахь –
Дерриге – долларх,*
Мегаш ду болх эца,
Дархьамма къола.
Институт йаккхало,
Киса делахь стомма.
Дешарна очдевлла,
И сурт гуш, бераш,
Вайн сакхте амалшка
Кхевдина бу уьш.
Махкахой, хирий те
Оьзда тIаьхьенаш,
Хилча вай куцхьарам
Луш царна масалш?!
Къаьхьачу ойланийн
ГIайгIано дарбеш,
Кхехкаш бу хьехархойн
ХIоранан кийра…
Тигац уьш телхинчу
Хьелаша къарбан…
Шайн декхарш кхочушдеш
Оьздаллех иэрна.
Школера хIусмашка,
ХIусмашкара школе,
Кхин дуьне доллуш ган,
Уьш дикане кхийда.
Дала уьш берриге
Шен йоле кхачош,
Марздойла адмашна
Уьш лара, сийдеш!
Халонийн букъ кагбеш,
ЦIена къахьоьгуш,
Собарна йихкина
Йукъ къуьйлуш денна,
Аш кхетош-кхиийнчу
ТIаьхьенийн цIарах
Соь декъалдайта шаьш.
ЙогIучу ханна!
Свидетельство о публикации №124082106993