Исраилан дийцар

 Маццах цкъа лаьмнашна йукъахь
Арц ларбеш воккхастаг хилла,
Гуотосуш, тийначу сарахь
Исбаьхьа йиш цунна хезна.

Зевне, башхачу мукъамах
Там хилла, хьуьнхехо тийна.
ДIахьаьжча – луьста гIаш йукъахь
«Илланча»-олхазар гина.
 
Ког байбой, доьIу са лагIдой,
Къаночо кхин Iен ца велла,
Олхазарх, воккхавеш лоций,
Шен хIусмехь шен хьаша вина.

Хан-зама йалале иштта,
«Илланча» гуонна гIардаьлла;
Шен гIайгIа цуьнга йаййайта,
Доьзалхо воцу стаг ваьлла.

Боьхху мах ца къуьйсуш, дIалой,
ГIайгIанчас олхазар оьцу,
Дашочу гура чохь бен бой,
«Илланчин» декарх ирс оьцу.

Схьахеза: Iуьйренаш гIовттар,
Техкачу хьаннийн тIекренаш.
Маьлхан шовкъ, шовданийн Iенар,
Дерачу Органан г1еарг1арш.

Дог, парг1ат детталуш, тийна, –
Иллин кIеж кхехкаре йолу.
Маларх кеп синпхенех ийна.
ЛадоьгIурш самукъне боьлу.

Лелина, Iаь санна, йаьржаш,
Чим хуьлий, йовш гIайгIа-бала, –
Дахаран марзонийн стоьмаш,
Сов безаш гIуьтту дог-ойла.

Тап-таза «илланчин» меттан,
ХIусамден балин мохь байбеш,
Ницкъ кхаьчна, дог хIотто метта,
ТIедогIу денойн сурт хаздеш.

Зарзаран эшарх аз хоьций,
НIаьвланах бIаьсте тIейоьхуш,
Гуьйренан гIаргIулех тевжий,
Буьйсанан бухIанах доьлхуш.

ЦIеххьана «илланчин» мукъам,
ДIахеда, тур тоьхча санна:
Шех терчу накъосто хьехам,
ТIехтуьлуш, хазийча шена.

ХIусамда тем байна хьаьвза:
– «Олхазар, декахьа, – бохуш, –
Хьо сацахь, сан дахар къиза
Хир ма ду, балано огуш!

Йаткъачу шакаран зевнехь,
Кийрара цхьакIеззиг гIайгIа,
Тохалой, йадийтахь генна,
Ца йуьтуш и соьгахь хьегIа» –

Пурбанца Хастаме Делан,
Вайн маттахь дистхуьлу йийсар:
– «Со хьуна доьлхура денна,
Доьзална дуьйцуш сатийсар.

Суьйренца кIорнешна напха
Дохьуш со деъча сайн биэна,
Чанталийн туш дайча доьхна,
Х1оьттира со орца  деха.

Кхо кIорни лар йоцуш йайна,
Сайн даго эзар вуо хьоьхуш:
ГIиргIано йии те йаьхьна?
Йа меца шелонехь Iохку?

Iадийна, хьийзаш со б1аьрза,
ХIилланца лецира ахьа:
Цул тIаьхьа хьере, маьхьарца,
Кхойкхуш ду дитаре маьрша.

Ткъа шуна-м сан деган узмех,
Мел доьху,.синкъерам хилла,
Сан бIаьрхих дуьзначу иллех
Там хуьлуш, шун догIмаш дехна.

Самукъне шу зовкхехь хилар,
Хаалур дацара суна,
Цу кхоан схьатоха хабар
Сох кхстарг ца деънехь тIома.

Цо нисйи йоьхна сан ойла,
–Дика, вуо Делехь ду», – аьлла, –
ТIедеънарг собарца лайнарг
ЙухькIайн во, туолам а белла.–

 –Бердоцург, со кхета хьоьха,
Доьзалх со къасторна нуьцкъаш,
Ткъа вайша, мел делхарх, пхьоьха
Йоьлу вайх, оьхуш чIичкъашка.–

–Нехан ког хьаьшначун даге
Кхочуш бац коган ден лазам,
Син куьзган цIеналле хьожжий,
Хуьлу вайн вовшех къинхетам.–

–Сан жимчу, готтачу кийра,
Боьссина чанталийн бала,
Хастам бу, сан собар зийна,
ДIабаккха ницкъ лучу Далла.–

Бердоцург, хьо эрна леткъа, 
Цхьадерг ду хьан бахьках доьзна:
Шорта ду доь дендо некъаш,
Цхьаъ харжахь, болабан доьзал.– 

–Ахь-м хьайн цкъа цахилларг лоьху,
Ткъа аса – даьккхинарг сайха:
Йиц ца ло чанталийн йовхо,
ТIома кIел меттаххьеш ховха.–

–Хьо нахах хьегарца боьзна
Бу хьайна ахь бина хорам.
Хьан карара хIумма ца йоьжна,
Ца баьхьна бертаза кхахьам.–

–Хьуна лаьа, кхечарна санна,
Ца хада, хьайн тIаьхье йоло.
Ткъа аса дайна доь лоьху,
Хьан гIайгIа йу сайчул гIоле» –

«Илланча» луьйчура тийра,
Бердоцчо йосту неI гуран,
Олхазар сихонца дайра,
Ца кхуьуш бIаьрг тIаьхьа цунна.

Йицйина лайна халонаш,
Даьккхина шен керла тевна,
«Илланчин» ирсе тIаьхьено,
Вайн дахар декъалдо денна.

Исраилс шен дийцар дерзош,
Олдаме догIура ала:
«ГIилкх лардеш, хьайн воI дIакхалхар,
Наха хьан бехкана лору».

 Вайн гIилкхаш ду олу къиза,
Ца хуьйцуш бIешерийн куьцаш…
Уьш лардан-м къонахий безна,
Йахалуш йохьан ирхонаш…

Олдам, хьо собарх вуо воьхна!
КIант схьалуш, вигначу Делан,
Бахьана лахахь ахь,  тешна,
Ницкъ ма бу, кхин пхийтта вала.

И дара авторах доьзна,
Цуьнгахь бара вастийн кхоллам;
Къиза бу Iедалан гоьза,
Шех къовлуш дихкинехь похIма!
                1989 шо


Рецензии