Стихашкахь эссе

 
               
Бер хьостуш дена ша гарна,
Йуьхь1аржа Олдама чантал
Довха хи чу кхуссу воьхна, 
На иэхьо вагорна валал.

Цу къахкарх, во1 тосий охьа,
И йай чохь маьхьарца вуьтуш,
Воьду и, ца хьожуш йуха.
Тешхалло т1е ма1аш 1уьттуш.

Дац нохчийн са доккхуш 1адат,
Ч1ир эца цхьа бакъо йоцург.
Адам дер бакъдеш дац ламаст,
Харц-м луьйр ву, и харц ду бохург.

Бехк хьаша хьекъал ца тоьъна,
Олдама боккху сингаттам.
Вай-м вешан ледарло, лиъча,
Лоруш  1а 1адатийн 1аткъам.

Дийцаркхь зуламна бехке,
Ас-м коьрта турпалхой лору.
Уьш кхийда шайн доцчу г1улкхе,
Цундела юьхь1аьржо йолу.

Хьалха ву Элашби бехке:
Не1 шен-шен х1усам цаярна,
Кхачац и нохчочун г1илкхе,
Кегичех къастаза 1арна.

Олдам вац са меттахь башха,
Стеган болх зудчуьнгахь битча,
Схаькъеда ледарлон маша,
Сел воьхна, бер йай чу тесча.

Сепет йац бехказа цуьрриг,
И йу-кх йай гурана боьгIнарг.
Чуваллалц шен марда-гуьйриг,
Чохь ца Iаш, Олдам ган хьаьддарг.

СаIид, хьо-м маьрша ца витна,
Делан кхиэл ур-аттал хьехо…
Йа керла доьзалхойх кхиъна,
Турпалхой са доькъуш Iехо.

Амма хьан ницкъ кхаьчна, СаIид,
Кхетам берг ойлане вожош,
Олхазарх дийцаран маьIна
Дан луург, вайн дин довза хьажо.*

Iадато кхоллам цахийцар,
Делан кхиэл тIехь леларх кхетош,
Исраила дуьйцу хилларг,
«Илланча»-олхазар далхош.

Дийцаран чулацам бовза
Сюжетехь дерг кего деза,
Йешархо, вохий ма хьовза,
Валлац со хьан собар уоза.


Рецензии