Боьхна кхолламаш
Хулло тIехь хьераш латтийначу нахана
( баллада )
I-гIа дакъа
Стерчаша ворданаш текхош,
Буьйсано лелхийна денош,
Сан дайша идийна некъаш,
ДIадайна, тIехь гIуьттуш цанаш.
Цу некъан теш хилла кескаш, –
Шерийн хIур тесна, хин хьераш,
Заманца ца ларош къийса,
Тийжа, шайх хилла буобераш.
Нохчочун могшалла хийла
Ларйина башха цу, ахьарш,
Рицкъина ду тахна хийра,
Совцарна хиэ хьийзо хьераш.
Йац хьаьжкIаш куьркаш чохь кхорзуш,
Хьуьна стоьмаш бохкац хи чу Iаьнна.
Дац берцан, виэтанан ардаш,
ТIеман дIовш мохк маббу Iаьнна.
Воьду со ойланийн лорах,
Базбелла шерийн мохь уьйуш.
Хуллоно гIар йаййо кхузахь,
Куьзганахь хилларш схьаоьхьуш.
Го коьртах йис тесна къано,
Малхбасехь набарна хьехаш,
Доьзалан ирс даьхьнарг тIамо,
Луьйш шега, гуш хьерахь гIенаш:
«Доьзалан нана-нур, БIаьсте!
ПхоьалгIа воI тIамехь воьжча,
Шийла кхаъ ца лайна, лахьте
Хьоъ йирзи. ЦIе дIайовш кхерчан».
Маьлхан хIоз регIах чукерча,
Iа аьхкенца хийцало гонехь,
Мулкалмовт къаночух къехка,
Са эца ца дог1уш генехь.
Серлонца несалла лелош,
Наб хьехаш, лахйелча суьйре,
Къаночо доьзалаш, воьлуш,
Бус-буса гулбо шен шуьне.
Меттах хьов дIатийна боьра,
Схьагуллуш кху цIийнан уммат,
Кхаъ кхочий, тохало пхьуьйре,
Дендина кхелхинчийн амат.
Батто шен дато нур хоьций,
Седарчий дуьйлало ида,
Шовданаш эшаршка довлий,
Хуллонан йорт шовкъе кхийда.
Хин тулгIеш аганахь техка,
Къаьхкина сех букъ сеттабеш,
Кхиссало, бердех кур бетташ,
Эзар цинц д1аса баржабеш.
Ткъа хин гIад пурхнехьа хадош,
Цига дойшкахь беренаш буьссу.
Дааршга шаршонаш йаржош,
БIаьсте уьш тIеэца хIутту.
Эмалкаш къарйина Наза,
Иллехь аз декийна Аьрзу,
Авалу, Ширвани, Хьаза,
Пхий кхочий, йолало марзо:
Хьасталой, ненан куьг лоций,
ХIораммо барт цунна олу.
Хьеран тIулг хьаьвза йорт оьций,
ГIалартийн гуо гена болу.
Хийла шо дели, цу гIенех
Воккхастаг Iехалуш, текхаш.
Де шарал дахлуш кху хьерахь,
Хьайре дог ца туьгуш эккха.
Йуьртахой кхачарах денна,
Басталац тIеман шад кийрахь,
И эккхо гIертар ду эрна,
Кханенаш хилча дог шийла.
II-гIа дакъа
Чевне дог кхуьу хьу йолчух,
Цахазарх латкъамийн аьзнаш.
Вовшашна уьш орцах хьолху,
Кхачабеш синошка хьаъмаш.
Кхолламо, ца хаьа, муха,
Са декъа, къаноца лулахь,
Сацийна цхьалхаллехь деха,
Бен боьхна хIурцIаьлдаг-м суна?
Хетта х1ара меттиг маьрша,
Йезарца кхузахь бен бира
Тевна а даьккхира тхаьшна
Т1аьхьено дагна там лора.
Напхица ц1а кхаьчча тем бан:
Йац бен чохь кIорнешца нана…
Доь дойуш эккхарна бомба,
Даржадеш шадериг пана.
– «ХIурцIаьлдаг, шун маьрша дахар
Аьтта тIом тоххара тийна…
Амма хьан, Къаночун белхар
Лаьтташ ду, дегнийн ткъов хилла.
Ши миска карийна вовшен
Дегнийн мотт, дош доцуш, бийца,
Кхиарна синIаткъам Iовша,
Эхартан дийне сатесна.
Мел соьцу машенайн неIарх,
Латийна куьзганах леташ,
ХIуьрцIаьлдиг хьийза хьо, карзах,
Цуо йен г1овг1а тIом бу моьтташ.
Машенах мостагI тарвелла,
ДIатеснарг нийсаройн жатташ,
Хьийза те хьо карладевлла,
Бен боьхна цу дийнан суьрташ?» –
Куьзган чохь шен сибат гича,
Дуьйхи те кхолламан доза?
Ша-шеха накъост тарделла,
Цуьнца Iан лаарна гIоза.
Дисинчу дахарна хийцац,
Кхелхинчу безарийн марзо.
Керлачу безамна дIалац,
Даго шен синхаъмийн ирзу.
Сатийсам деган кхерч хилла,
ДIатоьттуш дахаран анташ,
Хьежначо цIа берзий хийла,
Лар йоцуш тIепаза байнарш.
Йиш хилча шуьшинна хIинццехь,
Денйина доьзалийн чархаш,
Беллачийн метта со сецца,
Безнариш дIатоха шуха.
Ницкъ хилча: тIеман доь хьаша,
Цамгарех Латта цIандина,
Ца йуьтуш Iожалла йажа,
Адмашлахь къинхетам баржо;
Дебийта беркате куьйгаш,
Гергарло хьекъийна чIагIдан.
Совцийна герзашка кхийдарш,
Адаман зуьретан барт бан.
Дерзор
Гамхалуш, хьулделла татол,
Сцна йалта аьхьна т1улгаш.
НеIсагIех Iажаркхан хутал,
Лаьхьанах айелла, лустлуш;
ЛаппагIа – хьеран херцораш,
Йаьржина дIайайна къухлахь,
Хезаш йац тIулг хоьхку кIаркIар,
ХIуьрцIалдиг, къано дац гонах.
ДIадайна кIотаран дахар,
ХIунда йац кхерчахь цIе йогуш?
Мичахь бу йиллинарш кIотар,
Буй те уьш бисинчех хьоьгуш?
Махкахой – йешархой, со ву-кх,
Шу санна, хеттаршка ваьлла…
Лакхара хезаш дерг цхьаъ ду-кх:
«Ма кхийда бух боцчу къайле!..»
1999 шо.
Свидетельство о публикации №124082106959