Къомана хьанал хила

   
Алссам йиша-ваша хилла,
Хьо бахамна вукъвеллехь,
Кура ма вала, йац и гIала –
Оьздангаллехь нисварехь!

ГIаддайначийн гIо дан кийча
Вацахь, бахам ма бийца.
Г1ад дайна 1аш адмаш хилча,
Гай дIахецар г1илкхехь дац.

Махке бала буссуш зама
Хало йохьуш йеанехь,
Хьайн долчунна йастахь кана,
Хьаьца вон доькъуш хир бу нах.

 Амма къомо йукъ шен къуьйлуш,
Леллехь бат хьанйина хьо,
ТIаьхьенашна, неIалт доцуш,
Хьан ц1е йаккхар хьарам до.

ГIан хуьлий, вайх дIа ца къаьсташ,
Доьрзий лела сагIане,
Дуьсу дина дика гIулкхаш,
Нехан Iар деш беркате.

Дала ларде вай кураллех,
ШайтIан бIонехь йу и товш…
Iуьйрехь ч1аг1луш хьанал нигтех,
Дикнаш ца дахь, – са-м ду довш.
                Чилланан бутт  1991 шо.


Рецензии