Илланчин дог
Илланчин дог само IаьIна хIорд бу,
Йамартлонаш ца ловш оьккху тIаплам –
Харц хьукмано хьаьшначуьнан ов ду
Йа адамийн кийра хIоьттина Iаткъам.
Илланчин дог синхаамийн йу товха,
Дашца болат дахчо маттехь говза;
Питна сацош, хуьлуш герза ховха,
Къоман гIоьнча – бакъош бертахь къовсам.
Илланчин дог – синхьогаллин шовда,
Кийча холкъаца шен ирс декъа:
ХIоранна и маьрша, мала кховда,
Йа дIахуда вайн лазамийн текъар.
Тов бутт 1990 шо.
Свидетельство о публикации №124082006665