Илланче

 
                «Барзо, шена даггара
                Йезарна кхел,
                Кхес, соврий
                Ца даа, кхайкхийна кхиэл».
                (Оьрсийн кица)
Къоман даг чу дуогIий куьзга,
Иддачу шерийн къиза мур,
ГIаттахь гойтуш дашна говза
Илланча, божош аьшпийн хIур.

Дийца нохчий кхайкхарх Деле,
ДогIмаш дацош хьегарх къа;
Дахар комендантан кхиелехь
Кхойтта шарахь лайна 1а;
 
БIе шерашкахь белхар наной,
Доьзалш т1ера бойуш дай,
Маса нускал везарх хедаш,
Диси кхиош г1ийла бай.

Йе «ЧеКа» чохь х1алакбинчийн
Охьуш байна нохчийн чот,
Дуьне мел ду д1абоьхкинчийн
Йуьхьдагаллех ц1анбай мотт!
                Лахьан бутт 1990 шо.


Рецензии